Аш хатта тарло: хӏара баобабаш тӏехь дерг санна, сила-а долу сурташ хӏокху киншки тӏехь кхин хӏунда дац? Цхьа атта жоп ду сан и хаьттинчунна дала: со дилла–м гӏиртира, амма гӏуллакх ца хилира. Ткъа баобабаш дохкуш, оцу сурта тӏехь со гайта гӏерта гӏуллакх луьра а, кханенга тетта йиш йоцуш а дуйла хааро ницкъ лора суна.
Маржа, Жима эла-яӏ! Жим-жима кхеташ, со эххар а кхин цхьана хӏумнах а кхийтира: мел сингаттаме а, гуш хӏума доцуш а хилла хиллера -кх хьан дахар. Еххачу хенахь хьан самукъдаьхнарг цхьаъ хилла – малхбузар тергалдеш, цунах марзо эцар. И суна хиира доьалгӏачу дийнан ӏуьйранна, ахь сайга аьлча:
– Суна чӏогӏа хазхета, малхбузуш цӏийелла стигал. Волохьа, малх дӏа муха бузу хьажа вайша.
– Тӏаккха, собардан дезар ду.
– Стенна деш ду и?
– Малх чубузу хан хиллалц.
Цкъа хьалха хьо чӏогӏа цецвелира, юха хьо-хьайх вела а велла, ахь элира:
– Со сайн цӏахь волуш санна-м дуьйцу ас!
Тӏаккха-м хӏун дара хьуна. Массарна а ма хаьа, нагахь ӏамаркахь малх гӏушлакхе болу хан елахь, Францехь малх чубузу хан хуьлий. Хӏинца, цхьана минотехь Франце кхачавелча, дӏабузчу малхах марзо эца йиш хир яра хьан.
Амма, дависарг, Франци дукхе-дукха гена ю. Ткъа хьайн сайраталг тӏехь, гӏант масех гӏулч дехьадаьккхичхьана, ваьллера хьо. Иштта хьан таро хуьлура цӏийелла малхбузе юх-юха а тергалъеш ӏен, хьан-хьайн цуьнга хьежа лаам хилчахьана, кхин оьшуш хӏума доцуш...
– Мацах цкъа суна малх дӏабузуш гира цхьана дийнан дохалла шовзткъе кхузза!
Жимма ӏийна, ахь тӏетуьйхира:
– Хьан чӏогӏа сагатделча, дӏабузчу малхе хьоьжуш мел дика хуьлу хаьий хьуна...
– Шовзткъе кхузза малх дӏабузуш гинчу оцу дийнахь, деллахь, ма чӏогӏа сагатделла хилла-кх хьан. Бакъ дуй и?
Амма Жимчу эло хӏумма а ца элира.
Пхоьалгӏачу дийнахь, юха а изза ӏахар бахьна долуш, Жимчу элан цхьа къайле а хиира суна. Ша шен дагахь ехха йинчу ойланийн жамӏ и долуш санна, цу хьокъехь хьалха хьахийна хӏума а доцуш, цӏеххьана хаьттира цо:
– Коьллаш юуш хилча, тӏаккха зезагаш а дуу–кх ӏахаро?
– Шен кара еъанарг-м юу.
– И зезагаш кӏохцалш дерш делахьъий?
– Хӏаъ, кӏохцалш дерш делахь а.