Цкьа ирсах ца тешнарг ӏе́мар вац ва́ха,
Мел доккха дог хиларх, мел йоккха ойла.
Цкъа ирсах ца ваьлча девзар дац да́хар,
Лазамо йайалца сапаргӏат ӏойла...
Шелйелла лаьттар йу да́ во́цу хӏусам,
Ше́н де́ган хьогӏана кхаьрдаш верг кхаьрдаш.
Ас цӏе́хьа кхоьхьур ду хӏо́ра а буса
Хьан бӏаьргийн седарчех дуьззина таьлсаш.
Хьан дерг бен да́харехь кхин сибат до́цуш,
И цхьаъ бен — сатийсам, и цхьаъ бен — бекхам,
Мел эхарх цхьанхьа а дӏакхо́чуш во́цуш,
Кӏордор ду эххар а хьан лорах текха.
Ас тӏаккха долор ду чекхдаьлла туьйра,
Кхин цкъа а тешар ву йа́мартчу бӏаьргех.
Йицйийр йу лаьттаца сайн йолу уьйраш,
Йицйийр йу мацца а йе́р йолу бӏаьсте.
ӏуьйренна девзар дац кегдина тӏе́маш,
Са тосуш, беттаса сан карахь дайна.
Хьуна а гур дац кхин и къиза гӏенаш,
Вицвинчийн могӏаршкахь со хьайна вайча
Ткъа суна йуха а тосур ду дуьхьал
Кочалла ахь тӏехьа кегдина куьйгаш,
Делахь а некъ бийр бац хьан 5ӏаьргийн дуьхьа,
Кхин цкъа а хир дац хьан хьажарна куьйла.
Синхаам тӏекӏел а баьлла,
Соцур бу ша́ боллучохь,
Цӏеххьана меттах а даьлла,
Хьовзеор ву хьо доллучео.
Дужур ду, тӏе́маш а да́гош,
Кхетаман син олхазар.
Лаьтто а, стигланаш ӏа́доуш,
Го боккхур бу борхӏазза.
Кхойкхур йу хьоь вина на́на:
«Ма ва́ла хьо да́къаза,
Ма лехахь ахь бо́цу ба́ла,
Хьо ирсах ма ваккхахьа!»
Цунах хьо кхе́тар ву дика:
Не́нан дог, и иштта ду.
Амма хьайн некъан чам хиъна,
Де́къаза хьо ирсе́ ву.
Йуха хьоь кхойкхур йу зуда:
«Ахь йаьккхи со да́къаза, .
Ба́ла бац хьайн лаьттан уьрдан,
Ца хаьа сом да́ккха а».
Цунах а кхе́тар ду дог хьан:
Зуда а и зуда га-кх.
Амма хьан де́кхар ду доккха,
Комаьрша хьо сутар ву.
Тӏаккха хьоь кхойкхур йу хӏусам,
Хьо вина, кхиийнайерг:
«Верзахьа, верзахьа йуха,
Са кхачо хьо кхиале!»
Цунах а хала дац кхе́та;
Цо йуьйцург ше́н йовхо йу.
Йуха а, йуха а леташ,
Хийламма хьо човхор ву.
Хийла хьо ворур ву, амма
Са кхачо ницкъ кхо́чур бац:
И синан кӏезгалла хилла
Йаьккхина ахь ко́чара.
Накъост а во́цуш, хьайн букъ тӏехь
Ахь лайча и де́лан ӏад,
Хьан де́ган ӏаьршашна йуккъехь
Кхе́тар ду цхьа стелаӏад.