Хастам бу Алла́хӏна - ӏа́ламийн Де́ла волчу; беркате, хьикмате, сийлахь, ла́раме долу Къуръа́н доссийначу; адамаш и́манехь нисдинчу, Исла́ман новкъа даьхначу, царна ихьса́не некъ гайтинчу!
Алла́хӏера къинхетам а, маршо а хуьлда адамийн э́ла волчу, элчанийн имам волчу, бакъонан гӏортор йолчу Мухьаммадна а, сийлахьчу цуьнан гергарчарна а, тӏехдикачу цуьнан асхьа́башна а, массо меттехь а, йерриге за́манашкахь а!
Ла́раме йешархо! Цхьаболчу ӏе́ламна́ха, шовзткъа хьадис гулдеш, кегийра пайдехь жайнаш йаздина. Царех ду – динан баххашха лаьцна йаздинарш, жихӏа́дах лаьцна йаздинарш, гӏиллакхех лаьцна йаздинарш, хьехамех лаьцна йаздинарш, Де́ла цхьаъ варан шахӏа́датан дозаллех лаьцна йаздинарш и.кх.дӏ. Дерриге а и жайнаш йаздар дика ӏа́лашонаш йуьхьарлаьцна нисделла ду (Алла́хӏ ре́за хуьлда уьш йаздиначарна массарна а!).
Исла́м-динан тайп-тайпанарчу дакъошха лаьцна шовзткъа хьадис чохь гулдина жайнаш йаздар хьалхахьалха за́манашкахь дуьйна схьадо́гӏуш ӏе́ламне́хан ӏа́дат ду. Це́ран лорах ва́харан нигатца а, Алла́хӏерчу йо́ле, Цуьнан къинхетаме сатесна а, хӏокху бух цӏенчу хьадисехь «…Шух кхузахь волучо хаам бойла кхузахь воцучуьнга» бо́хург кхо́чушдаран ӏа́лашонца а, хӏокху жайнахь вай а гулдина Сийлахьчу Къуръа́нан дозаллех лаьцна нуьрах лепа шовзткъа хьадис.
Хӏокху жайнарчу хьадисаша гойтур ду Сийлахь Къуръа́н дешар а, хьехар а, ӏамор а беркате ӏамал хилар. Дуьненахь а, э́хартахь а пайда хе́дан боцу ӏамал хилар а. Доьшучуьнга синтем боссош а, мали́каша и доьшуче́ран гуламаш лоьхуш йолу ӏамал хилар а. И доьшучуьра шайтӏанаш довдуш хилар а. И доьшург бозбуунчийн вонех ларвеш хилар а. И хууш берш ла́мазехь хьалхаба́ха уггаре а хьакъ берш хилар а. Цул а сов цуьнгахь адамийн дегнашна дарба, синошна синтем хилар а. Кхин а мел йу беркатечу Къуръа́нан дикаллаш, мел йийцарх а кхачор йоцуш?!