Хӏокху жайнахь вай тидаме эцна - кхузахь гулдечу хьади́сашха хӏо́ра хьади́с бух цӏена хьади́с хилийтар. Вуьшта аьлча, хӏокху жайнара дукхах долу хьади́саш дерриге дуьненахь а цӏейахханчу шина имаман - Бухарин а, Муслиман а шина жайнара схьаиэцна ду. Цхьанненна а къайле йац, оцу шина имаман «Сахьи́хь» цӏе йолу жайна - хьади́сийн жайнашха уггаре а бух цӏена хьади́саш долу жайна хилар.
Алла́хӏа гечдойла жайна хӏоттийначунна а, цуьнан де́на-на́нна а, массо бусулбанашна а!
Турпалан кӏант Фарукъ