Ӏабдул, вайшиъ кха́на кӏирандийнахь чӏе́рий леца гӏу́ра ву. Ре́за вуй хьо соьца ва́н? — хоьттура де́н да́с ше́н кӏента кӏенте́.
Ма тамаше́на а вара и воккха да́да! Хетта а стенна хоьттуш ду и саннарг! Ӏабдул-м тахана а кийча вара ше́н де́н де́ца йуьрта йисте́ра боккхачу ӏамна тӏе чӏе́рий леца вахан. Амма тахана цкъа делахь шота де бен да́цара, Ӏабдулин тахана бе́рийн беша вахан везара. Ткъа воккха дадин а хӏинца а кечам бан дезара: чӏе́рий лоьцу мӏара кечба безара, чӏерашна совгӏатана нӏаьний а да́ха деза. Кертахь ге́нарчу сонехь ховха ӏаьржа латта долучохь белаца охкуш да́хан дезара и нӏаьний. Масана ду уьш?
— Воккха да́да, ре́за ву со-м, — гӏилакхах ца вухуш, делахь а хазахетар къайла ца дахьаулуш, жоп делира кӏанта. — Со бе́рийн беша воь́душ ву. Со дӏавахан мегий?
— Гӏо хьо. Некъ дика хуьлда шун! Дика лелалахь, хьо дика гайталахь!
— Де́ла ре́за хуьлда! — шега, ша́ дӏавига хьоьжуш лаьтташ йолчу не́не, куьйг дӏа а луш жоп делира кӏанта.
Гуьйренан кӏирана де чӏо́гӏа хаза деинера, малх боккъала а дашо бу аьлла те́шавеш къегина бара. Мел хаза маьлхан зӏаьнарш йара Ӏабдулан кораха чухьаьжина жима кӏант самавьккхинарш! Ше́н сийна ши бӏаьрг маьлхан зӏаьнаршка а хьажийна велан къежира кӏант. Жимма соцунгӏа а хилла, кхин а чӏо́гӏа велавелира и. Цунна дагадеира тахана ша́ оццула лардина кӏирана де хилар. Сихонца тӏе йуьйхира цо хӏуманаш. Уьйтӏахь схьакхеттачу малхана дуьхаьала а́рахьаьдира и. Ра́гӏуна бухахь лаьттачу истолана тӏехь хӏума кхалла хиина ӏаш вара де́н да́.
— ӏуьйре дика хуьлда, воккха да́да! Гӏоза йууург хуьлда хьан! — жима велахь а, ше́на ӏамийна ма хиллара оьзда вист хилира Ӏабдул.
— Далла везийла! Дукха ва́ха, Ӏабдул! Ма дика ду хьо хьалагӏаьттина. Схьатӏехила, цхьана хӏума кхоллур йу вайшимма. Вайшиъ тахана стенга ваха везаш ву, диц ма ца делла хьу́на?
И воккха да́дас тӏаьххьара аьллачу дешнашка сатуьйсуш лаьттачу кӏентан бӏаьргаш деладаларца серладелира.
— Хӏума а ца йууш вахан ца мега вайшиъ чӏе́рий леца, воккха да́да? — со́бар ца тоьира жимчу кӏентан.