— Сихалло са даьккхина… Кхин дӏа му́ха дара и кица, дагадаийтал да́дина, — хаьттира да́дас Ӏабдулига.
— Сихалло са даьккхина, со́баро лам баьккхина! — дара, воккха да́да.
— Нийса бо́ху, дадийн кӏанта. Тӏаккха вайшимо хӏун дан деза?
— Со йуьхь йила воьду, воккха да́да, — э́лира хӏилланца кӏанта.
Ре́за волуш корта ластийра воккха да́дас-м.
Жимма хан йаьлча шаьшшинан чӏе́рий лецаран гӏирс а эцна, эвлайисте́ра ӏам болчу а́гӏора дӏаволавелира Ӏабдула, де́н да́ хьалха а волуш.
Хӏокхеран йуьртахь ӏашхой-Мартана гона́ха-м кхоъ бара ӏам, чохь на́ха чӏе́рий а лоьцуш. Ӏабдула ше́н д́ен де́ца воьду ӏам тӏехь жима гӏайре а йолуш, хьалха кечбина лелийна бара. Хӏинца-м адамаша ледаро ӏуьналла деш бара и. Делахь а, нах тӏехь чӏе́рий леца а бо́гӏуш садоӏан меттиг йара и. Тӏехь а́кха б́едаш а хуьлура оцу ӏамна тӏехь. Оцу ӏамна тӏехь чӏе́рий лоьцуш берш-м воккха да́дийна бевзаш бара воккха а, жима а.
Йисте́хьа шаьшинна меттиг а хаьржина, шайн мӏерий хина чу а кхийсина дӏатарвелира хӏара шиъ а. Ӏабдулана воккха да́дас ӏа́мадора мӏарина тӏе му́ха нӏаьна болла беза а, мӏара хин чу ласта бан му́ха беза а. Кӏант-м чӏо́гӏа самукхадаьлла вара, воккха вина а ца во́лура. Тахана къаьсттина хаза де а нисделлера: сийначу стиглахь бамбийн та́чанаш санна кӏайн мархаш, ге́нахь делахь а, дӏа куьйг кховдийча тӏекхо́чура волуш санна хеташ бохьлекхачу лаьмнийн а́са. Ӏам дӏалаьцна гона́ха дитташ, эрзийн а́санаш.
Жимчу Ӏабдулас массо а хӏуманан тидам бора. Амма кӏаьстина терго йора цо ше́н буйнахь боллучу чӏе́рий лецан мӏерана тайн тӏе тесина гӏезан мас чӏеро чу уозайо, ца йо. Воккха дадин мӏерана тӏе кест-кеста тӏатасалора чӏара, тӏкъа муьрг а ту́хуш мӏара ловзабора. Амма тахана чӏе́рий, барт бича санна, мӏарана тӏе тасалуш да́цара. Воккха дадийн самукъа ца долура, чӏе́рий мӏерана тӏетасалуш ца хилча. Ткъа Ӏабдул-м вара иччархочо топ санна ше́н мӏара чӏерашна хьажийна ӏаш. Эрана а ца хеллера и. Цуьна мӏарийн тай озаделира, тайна тӏера гӏе́зан мас къевлайе́лира!
— Мӏарин гӏу́ркх дӏа ма хецалахь буйнара! – орцаха веъира воккха да́да.