Берашна дийцар. Жимчу Халидан керла дахар.
Масех шо даьллера со тхайн ваша волучохь хиланза, геннарчу махкахь ӏаш-вехаш хиларна, цӏахь боьдуш боьха тӏом хиларна. Вешин бераш-м даккхий хиллера. Воккхаха волу кӏант Халид-м школехь хьалхара класс хӏинца чекхъйаьккхина ваьлла вара. Кӏентан каникулаш йара оцу хенахь.
— Ваша, вайшиъ кхана гӏалайуккъе воьдий? – хаттар дира Халидас суьйрана.
— Хӏун дийр дув ай цигахь? – ца кхийтира со.
— Фонтане а хьожуш, морожнеш йуур йу-кх! – сиха кхетийра со вешинкӏанта.
— Мегар ду делахь, — реза хилира со.
— Аьхкенан бовха малх мела а ӏуьйренна тӏехъиккхинера тхойшиъ Кирован поселкехь «ПАЗ» автобусца гӏалайуккъе вахан араволуш.
Ца догӏучу дагца воьдура Халид фонтан йолчу а, кхин морожнех а чам кхетачух тера дацара цуьнан. Со-м ца кхетара кӏант сел самукъане воцург хӏун бахьана ду. Амма оцунах-м со кестта кхийтира, тхойшиъ Кирован поселке йоьду автобус соцучу дӏавоьдуш, кӏанта со базаран йуккъе озийча. Базаран йисттехь могӏабина йохкахӏиттийна вилспеташ йара, малхо къагийна тӏехь бӏаьрг ца соцуш лепаш.
Жима Халид цӏаьххьана йуьхьтӏера хийцавелла-векхавелла тӏехьаьдира оцу могӏана:
— Ваша! Хьажал, хӏорш йу-кх уьш! – шен дагахь со а шеца уьш лоьхуш хиллачух тарделла элира кӏанта соьга.
— Уьш лоьхуш вара хьо? – хаьттира аса.
— Ой, дера вара! – аса хетта а стена хоьтту и саннарг, цецдеира цуьнга.
Аса аьлла «и бохург хӏун ду?» тергал дӏа а ца дира кӏанта.
— Ваша, хӏара йеза-кх сунна! – сиха хаьржира Халидас жимма шена йоккхо йолу вилспет.
— Ой, иза хьуна йоккха ма йу! – бегашца кӏелхьара валан гӏоьртира со.
— Вай шуна йеззарг хоржура йу вилспет-м! – Халидна орцахвелира вилспеташ йухкург.
— Хӏан-хӏа, баркалла, тӏаккхахула оьцур оха, — хӏинца махбечунах кӏелхьара валан гӏоьртира со.
— Иэца-а сунна вилспет! – корзахвелира сан тӏаьххьарчу дешнашна реза ца хилла Халид.
— Схьавало, вашас морожнеш эцан бен ахча ца деъна шеца, — нахана ца хазийта гӏерташ кӏентан лерга улло таьӏаш элира аса.
— Дера ду хьоьгахь-м ахча, сунна ца гира хьоьгахь, ахьа морожнеш оьцуш! – со нахала ваьккхира кӏанта.
— Ой, иза тоьур дацӏ Вилспетах дукха доьху! – кӏентан лерга элира аса йуха а.