— Тоьур ду хьуна! – ца тийшира, дикка ахча ца девза жима кӏант.
Шена гӏо лоьхуш кест-кестта махбечуьнга хьожий къинхетамен йуьхь йора кӏанта. Важа-м кийчча вара кӏантана орцах валан:
— Иэцахь цунна сел чӏогӏа йезаш хилча, и вилспет! – доьхура цо а.
— Иэца-а! – махбешверг сецца валале доьхура жимчу Халидас а.
— Бехк ма била… — махбечуьнга а олуш, кӏентан куьг лаьцна аса иза дӏаозийра.
Оцу шиннеца со цхьаъ ца ларалора, уьш вовшех къастон безара. Йуьстаха ваьлча халидин аз жимма лахделира, амма керла «герз» карийра цунна сунна дуьхьала даккха. Догӏадогӏуш коран аьнглитӏехула санна кӏентан беснештӏехула охьадоладелира хин татолаш. Гонахара адамаш а хьуьйсуш кхинхетамен гӏийла тийжа вуьйлира жима Халид.
Мела а тхойшиъ адмаш кӏезиго долчу кхаьчча со вуьйлира кӏант кхетон:
— Массо а меттехь кхерамен минаш йу вайн цӏахь! Гонаха хӏинца а боьдуш тӏом бу. Некъашна тӏехула хоьхкуш тӏеман техника йу. Хьуна цхьаъ хилахь оха хӏун дийр ду! Хьо-х иштта а вац вихкича а чохь сацалуш! – хӏинца а тийжачуьра ца соцучу кӏанте бохура аса.
— Ахьа-м ма бохура хьайгахь ахча дац! – шен агӏора кхийтира кӏант сан къамелах.
Сан кхин дан хӏума дацара, сихха автобус йолучу дӏаозийра аса кӏант дехьахьо из хаайелла. Автобусана чу ваккха аса сайна хьалха айбинчу кӏанта когаш автобусан тӏегӏанах гӏортийра, шийла мохь а олуш:
— Иэца-а вилспет!
Делахь а сан ирсана тхойшиннан ницкъаш цхьатерра бацара. Халла хьалаваьлла сунна улло ца хууш дуьхьаларчу гӏантан миндарна тӏе охьалахвелира кӏант.
Оцу хӏилланах со дукха хан йалале кхийтира. Сайн ирс ду моьттуш ӏехавелла со кхийтира автобус алссама нах гулбаллалца метах дӏайериг ца хиларх. Автобусан салоначохь масех зуда а, цхьаъ ханъйаьлла стаг а вара. Церан кхин меллаша доцу къамелаш цӏаьххьана совцийра «ахӏи!» — аьлла доьлхучу беро.
— Иэца-а вилспет! – олуш соьца шен болу къовсам дӏаболийра Халидас.
Автобусна чуьра нах соьга хаьвсира, тӏаккха бӏаьрхиш татолаш ӏеночу кӏанте. Тӏаккха массо а хьаьжира корах ара, гена йоццуш лепаш лаьтташ вилспеташ йара йухкуш.
Халидина уллохьо нисйеллачу къинхетамен зудчо шен буйнара мерах хьокху йовлакх хьоькхуш дӏацӏанйира кӏентан беснеш.