Рамзан ша а вара кӏадвелла: поллана сагаттадина а, Ражапца къийсина а. Иза техкош долу ага меллаша сацош, агана уллохь истингана тӏе охьалахвелира, агана сонах дӏатаьӏаш наб озийра цунна а.
Набарах жимчу Рамазанна дуьхьала тесира можа полла, кӏантана гонаха хьийзара и гӏабали йуьйхина жима йоӏ санна халхарна тӏемаш даржийна.
Цӏаьххана йоӏана-поллана тӏехула тур санна айбина сара а болуш гучувелира туьйранахь нанас вийцина ӏаьржа-Хӏожа! «Ма кхера, хаза полла, ас ларор бу хьо ӏаьржачу-Хӏожех!» - олуш, дуьхьла велира жима кӏант Хӏожина. Амма ӏаьржа-Хӏожа цӏаьххьана йуьхьанца хийцавелира, цунах буьрса йуьхь а йолуш Ражап хилира. «Нга-а-а!» - бохуш цӏогӏ хьоькхура цо.
Рамзан самавелира. Ражапас хьоькхуш болу мохь лергаш чура дӏа ца болура. Кӏант хьалаиккхира. Ражапас мухха делахь а, куьйгаш муъадаьхнера, уьш дӏа-схьа а лестош, шен толам базбеш вара и, хьоькхуш цӏогӏа а долуш.
Рамзан воьхна висинера, цунна-м ца хаьара хӏинца хӏун дан деза. Схьалаьцна вешин жима куьйг чухчина бухадолла вуьйлира и. Амма Ражапна и чӏогӏа ца тайра. Велаха озавелира и, хьоькхучура цӏогӏ ац сацош. Рамзанас вешин куьйг дӏахийцира.
- Ма велха, аса хӏумма а ца до! Ма велха-а, со-м хьуна дика дан гӏертара, - шен машарен ойланах ваша кхетон гӏертара Рамзан.