Озийна ӏад санна тасавелла лаьтта кӏант, дужучу агана дуьхьала ваьлла. Кестта куьйгаш, когаш даш санна дазделира дукха чӏогӏа ницкъа хилла. Кӏант дукха латталура волуш вацара ишттачу хьолахь.
- На-н! Нана-а! – мохь туьйхира Рамзанас.
Амма нана генахь йара, мохь тохаро а ницкъа дӏабоккхура. Сатохан дезара. Муха тухур д уса, кӏадваларо бӏагор оьхийтучу жимчу кӏанта. «Дӏахеца!» - бохура кӏадвеллачу кӏентан оӏлано. «Жима ваша лазор ву! Со воцург цунна гӏо дан стагга а вац!» - дуьхьала гӏертара шен гӏелйеллачу оӏлана кӏант.
- Ца хьоьцу-у! – шабарца олура Рамзанас дере а, оӏланца болу къовсам гойтуш.
- «Нга-а! Нга!» - вешин бӏаьра а хьоьжуш шабарца гӏодора Ражапас, велха а гӏерташ.
- Ма велха, ас вужийтар вай хьо! – меллаша олура Рамзанас, вешин бӏаьра а хьоьжуш, бӏаьргашна чухьийдачу хьацарна бӏаьргаш а къуьйлуш. Кӏадваларо куьйга, когаш эгабора. Иштта дӏадодахь, кестта вужура вара кӏант.
«Дхьахеца-а!» - хьоьжура кӏадйелла хӏоьттинчу оӏлано.
- «Ца… ца хоьцу! Хоьцур дац! – ца къарлора жима кӏант.
«Хӏинцца охьавужу-кх со!» - ойланца доггӏелделла бӏаьргаш дӏахьаьбаш дара кӏентан.
Оцу хенахь маьлхан зӏаьнарша меттавалийра кӏант. «Муха маьлхан зӏаьнарша меттавалийра кӏант. «Муха маьлхан зӏаьнарш?» - ца кхетара и. Амма кестта кхийтира: малхо санна чоь серлайоккхуш кӏантана тӏехула хьийзара можа полла. Кӏантана гӏодеш аганан гӏаж йайнеш хьалхха охьахиира можа полла. Рамзан велавелира поллана. Поллан тӏемаша ластош гӏо дора кӏадваларан йуьхьтӏехула охьахьаьддачу хьацарна а.
- Аса охьа-м ца дожийтара хьуна ага! – поллана хьалха дозалла дора жимчу кӏанта.
Можа полла малхал а сирла къегира цӏаьххьана. Рамзан ша а полла санна тӏемаволуш дегӏдайдела висира. Кӏантана хезира шен ненан эсала аз: «Хьо майра кӏант ма ву! Хьох къонах хи рву, воккха хилча! Мискачарнна, гӏийлачарнна гӏо деш, хьайн сам а кхоаделахь, сан кӏант!»
- Ва-а, орца дала! Рамзан, дукха хан йуй, хьо иштта лаьтташ волу! – ненан аз дара Рамзанан тӏаьххьара хезинарг.