йуьртан байракх, вайн йуьртан сий хьан кара ло оха. Къоначийн бӏаьрг бузийта, къеначийн дог-ойла айъа, толамца хӏара йуьрта йухайан аьтто хуьлда хьан!
Жима бер санна, ларйеш, байракх Ахьмадан карара схьа а эцна, пурхнехьа йерзийна, цунна тӏе, охьа а таьӏаш, шен хьаж туьйхира ӏумара. Бӏаьнна хьалха лаьттачу Лорсас дуькъачу озаца илли долийра.
Лорсина тӏаьхьара нуьцкъалчу аьзнашца мукъам болийра ах бӏе стага а:
Буьйса йоцуш, бода богӏу,
Марха йодуш, кхолар йогӏу,
Бехке доцуш, тӏом тӏебогӏу,
Аллахӏ Дела, тхан гӏо делахь!..
Гатийуьртахойн жима бӏо оцу гӏайгӏанечу иллица меллашчу боларахь Яьссица охьа аренгахьа болабелира.
Нохчмахка гӏеттича, шаьш хӏун дан деза ца хууш, боьхна хьийзаш ши де а делира Хортӏина хьер йилла баьхкинчу оьрсийн пхьерийн.
Тӏаьххьарчу буса Васалх а, Къайсарх а дагабевлира уьш.
– Дӏадаха деза кхузара, – элира Къайсара. – Тӏом – тІом ма бу. Масане дагахь доцург хуьлу. Наха шух пӀелг хьакхор бу бохург а дац иза. Амма тӏеман заманахь гучуйуьйлу хӏетталц тийна таьӏна Іаш хилла хӏун йу ца хуу йовсарш. Хьанна хаьа, тхо цӏера девлча, ишттачех цхьамма йуьхьӏаьржо йахь а. ТІаккха, йуьртана-м хьовха, хьалкъана а тӏехь бехк буьсур бу. Тӏе, хІокху йуккъехула шун балхах болх а хир бац. Хортӏа боху и лежиг дедда дахана. Оцу шен хьакхин херсица цхьаьна.
Кхааннах воккхахволу Яков воьхна хьийзара.
– Шуна тӏе бохам беача, довдуш а гӏиллакхе ма дац…
– Хаьа. Баркалла шуна. Тхо кхета дерригенах а. Шун цӏахь доьзалш бу. ДІагӏо шу.
Оцу шина дийнахь дуккха а ойланаш йира Михаила. Йух-йуха а карладуьйлура шайн доьзалан дахар. Муьлххачу а оьрсийн къечу ахархочун санна, стаг хьаьгар воцуш дара иза. Цуьнан ворхӏий да ваьхнера помещикан дукъ уьйзуш, цхьа а тайпа адамаллин бакъо йоцуш. Царна йеттара, хьайбанаш санна, адамаш духкура, зударий сийсазбора. Оцу къизаллина дуьхьал къийсинчу ахархойн гӏовттамашкахь дукхазза а дакъалаьцнера Михаилан дайша. Царалахь байъинарш а, каторгашкахь тӏепаза байнарш а бара. ТІаьххьара а, крепостной бакъо дӏайоккхучу шерашкахь, помещикна дуьхьало йарна, лаьцна, вайнера Михаилан да а. Ткъа стохка шен нана кхелхича, оцу губернехь а къизаллица гоьваьллачу