шайн йуьртарчу помещикан бахам а багийна, къилбехьа ведира иза. Цуьнан латта а, цӏа а дац, йа доьзал а бац. Оьрза-Гӏалахь а хьалдолчу гӏалгӏазкхашна веца иза. Валлалц ваца деза. Тӏаккха, къена жӏаьла санна, цхьанхьа некъа йистехь, керта кӏел лийр ву…
Нохчмехкан масех йурт гӏеттина аьлла хезча, царах дӏакхета ойла хьаьвзира Михаилан. И ойла тӏе а чӏагӏйелира, гӏаттаман коьртехь ткъе йалх шо долу шен хенара къона стаг вуйла хиъча. Шена дагадеанарг шина накъосте къадийра цо цкъа, Ивана хӏумма а ца элира, ткъа Яковс и йуха а ца туьйхира:
– Хӏейт, дависа, цӏа дуьззина бераш ма делара сан! – элира цо. – Хьо санна, цхьалха дегӏаца хилча-м, мила ӏара. Сан дас-нанас а, ас айса а лайначух бекхам эца гӏоттур вара. Цхьана дийнахь бен ца вахахь а. Хьан хьайн корта бу белшаш тӏехь, Миша. Хьайн кхолламах дерг айхьа къастаде. Амма тхуна хьо везийла а, хаа. Кху масех баттахь доьлла тхо хьох. Тхешан ваша хета. Нагахь, Іедал хьуна тӏаьхьа а кхиъна, бохам ца хилахь, гурахь хьуна зуда йало ойла а йу Андрей Никитичан.
Гати-Юрт гӏеттинчу дийнахь дӏаваха новкъа велира хӏара кхоъ. Акхтин бӏо уллохула тӏехболуш, герзаца говрашкахь шен керла доттагӏий – Къайсар, Юсуп, Аьрсамирза, Янаркъа – гича, ойла карзахйелира Михаилан. Цуьнга тӏаьххьара а сацам тӏеэцийтира даим забаречу Янаркъас.
– Хӏей, Миша, куда пошол?
– Домой, Янек!
– Домой ни нада. Вайна нада. Царь бит, эпсар бит нада. Зимла нада, чурек нада. Иди царь бит, эпсар бит!
Михаил Яковга хьаьжира.
– Яков Лексейч, со а воьду цаьрца…
– Хаац, Миша. Кхечунна хьехар дала хала зама йу хӏара. Хьайна луъург де…
– Сан говр а, топ а йац, Янек…
Янаркъас шен говран гоъ тӏе куьг туьйхира.
– Суна тӏехьа хаа, Мишка! Тахана-кхана вайша, цхьа эпсар а вийна, хьуна говр-герз а доккхур ду.
Михаила шен карара херх а, диг а Яковга дӏакховдийра.
– Хӏан, Яков Лексейч… со цаьрца воьду. Андрей Никитиче а суна бехк ма билла ала. Цо а, аш а сан тӏеэцар, дина дола а ас цкъа а дицдийр дац. Сох бала хиллехь а, гӏалат даьллехь а, гечде суна. Ша хирг хир. Вайна, вайн дайшна тӏехь ӏазап а, харцо а латтийначех бекхам эца, дог ӏабо лаьа суна. Ӏожалла ца хилахь, гур вайна…
Михаила, мара а иккхина, кхузза барт баьккхира шина накъостна.