кхерстара.
Цхьана масех стага кеста дӏа ца хийцира эла Эристов. Хеттарш дора туркошца болабеллачу тӏамах, цуьнан бахьанех лаьцна. Цига бахана шайн кӏентий, вежарий хоьттура, уьш хӏинцца бен Кавказан ломан сиртах дехьа ца бевллашехь.
Хӏара тховсалера буьйса а синтеме хила ца йоллура Эристовна. Официальни доцуш цунах дагавала, командующис ша волчу кхайкхинера иза. Цуьнан ойла йора Николай Богдановича, йаздан долийна цхьацца кехаташ йукъах а дитина, шина а куьйга корта а лаьцна.
Баккъал а, мел хьекъале корта хилча а, ларор вац хӏокху тӏаьххьарчу хенахь дуьненахь хуьлучу гӏуллакхийн ойла йан а, уьш къесто а. Уьш дерриг дагалеца, церан ойла йан воьлча, корта хьере хуьлу цуьнан. Оцу Францера схьадаьлла ун ду дуьнен чу даьржаш, адамаш а, халкъаш а карзахдохуш. И ун Россе деана декабристаша. Уьш ирхъоьхкича а, Сибрехан каторгашка, Кавказе тӏаме хьийсийча а, дӏа ца дели. Царна тӏаьххье кхин бӏеннаш гучубуьйлу тайп-тайпанчу цӏершца. Хӏинца халкъахой а баьржина Россин массо маьӏӏе, халкъаш паччахьна, ӏедална дуьхьал гӏаттаме кхойкхуш. Кху Грознехь а хаало церан ӏаткъам. Оцу бес-бесарчу революционераша маьӏ-маьӏӏехь туьйсу цӏерш йайъа а ца кхиадо ӏедал. Цхьанхьарниг йайъича, кхечухьа лета…
ХІокху тӏаьххьарчу шина-кхаа шарахь Эристовс ша а дакъалаьцна ахархойн масех гӏаттам хьошуш. Бакун областехь а, Сванетехь а, Менгрелахь а. Хӏинца а хаддаза хаамаш кхочу, империн цхьацца губернешкахь муьжгаша ӏедална дуьхьало йо бохуш, иштта хьал ду Малороссехь, татарашна, башкирашна, мордвашна, чувашашна йукъахь. Ткъа ӏорадовлаза мел хир ду уьш!..
Муьжгий а, туземни къаьмнаш а гӏиттина ца ӏа. Ур-атталла гӏалгӏазкхашна йукъа а даьржина и ун. Шина шарахь гергга Іедална дуьхьалонаш йира Уралерчу гӏалгӏазкхаша. Церан тӏеман гӏуллакхийн декхарш алсамдохуш, йукъараллин урхаллин бакъонаш хедош, хӏоттийна керла закон тӏеэца ца туьгуш. Цигара дӏа а баьхна, Аральски хІордан йистошка кхалхийна кхо эзар доьзал хӏинца а къарлуш бац.
Ӏедална резабацарш гучудуьйлу, боху, Донан гӏалгӏазкхашна йукъахь а. Туркошца тӏом дӏаболабеллехь, и кхераме ун хӏинца Терка тӏе даржа а тарлора…
Царал массарел а