ӏедална кхераме керла ницкъ гучубаьлла хӏокху тӏаьххьарчу ткъа шарахь. Мехкан йаккхийчу гӏаланашкахь ӏедална дуьхьалонаш йо белхалоша. Оцу буьрсачу ницкъан теш хилира Эристов, ша лурчах Петербургехь волуш. Цигарчу Невски механически заводера шиъ ах эзар белхало, болх а сацийна, конторана хьалха хӏоьттира. Бахьана хӏун дара? Хӏумма а доцург! Шен хеннахь алапа схьа хӏунда ца делла бохуш, маьхьарий хьоькхура! Амма цига кхайкхинчу гӏалгӏазкхийн эскаро шайн хьакъ дӏаделира царна. Шодмаш, аьрташха тарраш детташ, дӏасалаьхкира.
Малхбузе мехкашкахь хӏинццалц собаре шайн дукъ уьйзуш ӏийна йа цхьа а низам доцуш дуьхьалонаш йеш хилла къен ахархой а, белхалой а карзахбаьхнарг цхьа хӏуьнехдина Маркс ву, боху. Цо йиллина цхьа йукъаралла йу, боху, дуьненарчу халкъийн шайн маршонехьарчу къийсамна тӏехь куьйгалла деш. Цуьнан Ӏилма, хьехамаш Россе кхочуш лаьтта, боху.
«И тайпа нах хӏунда лов Францехь, Германехь, Англехь, Америкехь а? Шайниш а, Россера ӏедало дӏалихкинарш а? Россехь санна, набахтеш, каторгаш, тангӏалкхаш йац-те церан, уьш чубохка, ирхъохка? Кхузара дІауьду герценгӏар, бакунингӏар, кхин, кхин а бунтовщикаш тӏелоьцу цигахь. Цигара схьа куьйгалла а деш, хӏокху Россехь адам хаддаза карзахдоху цара. Кхузахь декабристашна тӏехь диннарг дахьара. Йа хӏинцца, дукха хан йоццуш, Одессехь – пхийттанна, Москвахь – шовзткъе иттанна тӏехь динна таІзар мукъане а дахьара. Хӏан-хӏа, оцу мехкийн ӏедалшна шайн дегнийн кӏадаллица ун даржадо дуьнен чу».
Схьаэцна къолам аьрташха а берзийна, стоьла тӏе бетта волавелира Эристов. Куьзга санна, къегинчу стоьлах къоламан бух масазза кхийти, шен ойланаш самайуьйлуш санна хеталора цунна.
Хӏан-хӏа, сацамбира Эристовс, жимма ойла а йина, урх малйан мегар дац. Ахархой маьршабаьхча, хӏун хили? Мелхо а, карзахбуьйлу. Маршонца цхьаьна латта а доьху. Иза делча а, ӏийр бац. Ӏедал а шайн кара схьало, эр ду. Тӏаккха хӏорш, Эристовгӏар, хир бац…
Кисанара схьадаьккхина, сахьте хьаьжира Эристов. Ворхӏ дала ткъех минот йисинера. Стоьла тӏера гулдина цхьа туп кехаташ сейфа чу а дехкина, догӏа а тоьхна, сейф дӏакъевлира цо. ТІаккха, кор тӏе а чІаьгІна,