бара.
Ӏаьлбагна моьттура, нана, йоьлхуш, ша-шех леташ, кӏентан докъана тӏейетталур йу. И сурт шена хьалхахӏоттарна кхоьруш, ша цига ваха новкъа валарх а дохковаьлла, вогӏура иза. Хьалххе ваханчу цхьана йуьртахочо и шийла кхаъ дӏакхетийна лекха, оза йоккха стаг кетӏахь дуьхьалкхийтира царна. Ӏаьржачу, доккхачу корталин тӏам цхьана куьйга бете а таІийна, важа куьг, делча санна, дегӏаца охьа а хецна, чурт санна, йогӏайелла лаьттара иза. Кӏоргге хьех чубахана кхоьлина ши бӏаьрг ворданна тӏебоьгӏна бара. Царна чуьра къорам схьаӀийдало дуьра бӏаьрхиш, чукхеттачу беснеш тӏерачу хебарийн хершнашна чухула хьийзаш, меллаша охьалешара.
Йоккхачу стагана хьалха а хӏоьттина, доӏа дира Іаьлбага.
– Дала гечдойла хьан кӏантана, йоккха стаг, – кадам бира цо. – Цхьаъ бен воцу кӏант вийна, цӏавалор хала сахьт ду. Делахь а, Дала собар лур ду хьуна. Шен мехкан, шен халкъан гӏуллакхехьа къуьйсуш, тӏамехь воьжна стаг гӏазот хир ву, аьлла ду Делан дош. Тахана хьайниг валийна, кхана тхо а дуьгур ду иштта наношна хьалха. Цхьаъ верг цкъа йоьлхур йу, дуккха а берш дуккха а боьлхур бу. Валаза Дела ша воцург валац. Дала ийманца собар лолда хьуна!
– Дела реза хуьлда шуна! Ас дуьххьара молуш бац хӏара къахьонан кад. Хӏара йалхазлагӏа а, тӏаьххьара а бу, жима стаг. Бакъду, къанйеллачу хенахь сатоха хала-м ду. Хӏун дийр ду ткъа, иштта хилла-кх сан кхоллам.
Ворданна тӏера схьаэцна кӏентан дакъа шена уллохула тӏехдоккхуш, тӏе а йирзина, истанг хьалатаса дагахь, куьг айъира йоккхачу стага. Амма, куьг сихха йуха а оьзна, корталин тӏам цергашна йукъа а къевлина, кеггийра гӏулчаш йохуш, букара хьаьвзина, тӏаьхьайолайелира иза…
Курчалой-Эвла йухавогӏуш вехха ӏийра Іаьлбаг вист ца хуьлуш, ойланашка ваьлла. Хийцалуш, йуха а хьалхахӏуьттура селхана ша вийна ши салти а, маьждиган майданахь моггӏара охьадехкина ӏохку декъий а, Оьрзами а, йоккха стаг а…
– Овхьад! – кхайкхира иза, корта тӏехьа а тесна.
ТІаьхьавогӏу Овхьад, шен говр човхийна, тӏекхиира.
– Соьлжа-Гӏалахь бевзаш оьрсий буй хьан?
– Дера бу.
– Хӏун тайпа нах бу уьш?
– Тайп-тайпана. Тхан дас товар оьцу совдегар а, цуьнан ши кӏант а вевза суна.
Ӏаьлбага резавоцуш корта