ластийра…
– Кхин бац?
– Соьца доьшуш ӏийна цхьа жима стаг а ву сан хьаша. Цуьнан луларчу муьжгичун доьзал а бу ас чу-каре йеш.
– Кхин?
– Кхин а ву цхьаъ. Оцу сан доттагІчун доьзалца гергарло долуш цхьа хьехархо.
Ӏаьлбаг йуха а ойлане велира.
– Салташна, эпсаршна йукъахь вуй хьан хьаша?
– Дера, хӏара ву ала, хьаша а ма вац сан царалахь. Оцу сан доттагІчун йишина тӏехьийзаш цхьа эпсар-м вовза а вевза суна.
– Уьш муха нах бу?
– Вон бац. Къен бац, бехаш а бац. Йукъанеккъара нах бу-кх.
– Ас-м церан дог-ойла хоьттий.
– Хаац, амма вайн къомаца цхьа а тайпа хьагӏ-м йац церан.
Курчалой-Эвла кхочуш, йуха а оцу къамела тӏе вирзира ӏаьлбаг.
– И салтий шайн лаамехь ца лета вайх. Берсас, Маккхала, Васала а, ахь а чІагӏдо иза. Элса санна, вайгахьа бовла луурш хир бацара-те?
Хӏинца кхийтира Овхьад хӏара Іаьлбаг мича гӏерта.
– Царна тӏехь эпсарш а, ӏедал а ма ду, ӏаьлбаг, – элира цо, гӏайгӏане вела а велла. – Хьо цхьана хӏуманна тӏегӏерта, ӏаьлбаг. Хьуна хӏун лаьара?
– Суна цхьа хӏума лаьара. Оцу гӏаларчу, вай санна, мискачу оьрсашкий, салташкий вай царна дуьхьал цахилар дӏахаийта. Царна вайгара къа-бала бовзийта, вайна латта а, нийсо а йезий хаийта. Муха хета хьуна, Овхьад?
– Вон ойла йац иза-м, ӏаьлбаг. Цкъа хьалха Берсех дагаваьлча, хӏун дара-те?
Ӏаьлбаг дӏатийра, ойла йеш.
– Берса волчу ваха веза хьо, – элира цо эххар а. – Йуьхьанца дуьйна цхьа хӏума дагахь лаьтта суна. Ас, вайна маршо, сискал, нийсо а йеза бахарх, ма ца тоьу. И вайн лехамаш ӏедална а, оцу муьжгашна а хаа ма беза. Берса волчу а гӏой, шиммо а сардале кехат йаздейша. Вайгара бохамаш а, гӏело а гойтуш. Вайна хӏун лаьа дуьйцуш. Нагахь ӏедало цхьайолу харцонаш дӏайахахь, оха тӏом сацор бу, ца йахахь – летта лийр ду алий. ТІаккха гӏор шу гӏала.
Хӏорш эвла йисте кхаьчча, шеца Нурхьаьжа а, ӏумар а волуш дуьхьалвеанчу Коьрас хаийтира бӏо хьалхахьа дӏабаха кийча хилар.
Шолгӏачу дийнахь Владикавказе йухаверзар дисира Свистуновн. Цхьа а тайпа хаам бацара Веданарий, Хаси-Юьртарий. Лазутчикаша дийцарехь, шен тоба стам а йина, арен тӏе вала кечлуш вара ӏаьлбаг. Амма иза мичхьахула охьагӏоьртур ву, цуьнан мел ницкъ бу ца хаьара цхьанне а.
Эристовс дийцарехь, мятежникийн ницкъаш