тӏеІиттабеллера. Сотня хӏаллакьхуьлучух кӏелхьарйаьккхира полковнико Нурида шен хеннахь даийтинчу гӏоьно. Мятежникашна тӏе итт йоккха топ йетта йолийча, гӏуллакх муьлхачу агӏор дирзина хиъна эвтархой а, гелдаганхой а, курчалой а мятежникашна тӏаьхьабевлира. Доцца аьлча, мятежникаш, лелхийна, Хулхулон чӏожа боьхкина.
– Дика ду, поручик, дика ду! – тахана дуьххьара велакъежира Александр Павлович. – Баркалла хьуна, дика хаамаш кхачорна! Хӏета, цхьана хӏуманах кхетавехьа со. Нурид хӏун деш ӏийна, шелахоша мятежникаш дӏалелхолц?
Чураковскийн бӏаьргаш цӏенкъа богӏабелира.
– Хаац, хьан локхалла. Дерг нийсса ала декхар ду сан. Иза шен позицера меттах ца велира, гӏалгӏазкхийн сотня хӏаллакьхила гергайахчий бен.
Шен карара къолам стоьла тӏе кхоьссира Свистуновс.
– Николай Богданович, хьоьга дехар ду сан, и гӏуллакх сихха теллина, гергарчу хенахь суна жамІаш далар. – Тӏаккха поручикна тӏевирзира иза: – Ткъа и Боьршиг вон лазийний?
– Дикка ӏилла дезар ду воккхачу стеган. Цо доккха гӏуллакх дина вайна. Цхьана-шина мятежникан корта баккха лиъна, тӏаьхьаваьллера ша бохуш, дуьйцура цо, хьан локхаллина ша муьтӏахь хиларна тоьшаллина гайта.
Свистунов, эла Эристовга а хьаьжна, велавелира.
– Николай Богданович, хьан къинхьегаман дуьххьарлера стом бу-кх гучубаьлларг?
– Йуьртда Боьршиг тӏех муьтӏахь ву вайна, хьан локхалла.
– Ишттаниш дуккха а белахьара, дика хир дара, – доккха садаьккхира Виберга.
– Со дош дала ваьхьар ву, Александр Карлович, ас тӏеберзийна йартийн тхьамданаш берриг а вайн гӏуллакхна муьтӏахь хиларх, – цунна маслаӏат дира Эристовс. – Кхин некъ ма бац царна.
– Гур ду-кх кхидӏа. Дала хуьлуьйтийла иштта!
– Дикане догдохур вай, господа! – хьала а гӏеттина, куьйгаш вовшехъхьакхийра Александр Павловича. – Баккъал а, Николай Богданович, кхин некъ ма бац царна. Суна хетарехь, царах цхьа а хир вац шен цІока ца йезаш. Цхьана буйна муш, вукху буйна сом лаций, оцушиннах муьлхарниг къастадо аш алий, хатта – соьма тӏе бӏаьргаш боьгӏна, цІога ластор ду хьуна цара. Йуккъехула ала ас, Николай Богданович. Оцу Боьршигна милицин прапорщикан чин а, хӏор а шарна диъ бӏе сом пенси а хӏоттош,