приказ кечдехьа. Милицехь эпсаран ваканси йуй вайн?
– Сан округехь йу, – жоп делира Эристовс.
– Хӏета, и ваканси Боьршигна дӏало. Пенсел сов, шарна йалх бӏе сом алапа а хӏоттаде. Цунна гӏо дина хьаьжой а, молланаш а ма бицбе. Массо йартийн тхьамданашна вайна дуьхьало йиначарна къинхетам хир боцийла а, ваьшна гӏо динчаьрга вай комаьрша куьг кховдор дуйла а хаийтархьама. Ткъа хӏинца, господа, керла кхаьчначу хаамаша гӏуллакх хийцарна, ас дина билгалдахарш шашаха дӏадовлу. Шу мукъа ду.
Чуьра арабовлучийн когийн татанаш дайна а довлале, тӏаьхьий-хьалхий чубевлира бекхабелла Чермоев, Беллик, Чуликов.
– Оха даггара декъалво хьо, хьан локхалла, – роггӏана куьйгаш лецира цара Свистуновн. – Мел боккха кхаъ бу Шелахь мятежникаш эшар!
– Кхечу агӏор хила йиш йарий ткъа хьан локхалло вовшахтоьхна гӏуллакх!
– Баркалла хьуна, хьан локхалла!
– Хӏинца кхийти со йуьхьанца дуьйна сайн кхерар эрна хиларх. – Свистуновна хьалха суждане вахара Беллик. – Мел доккха хӏума ду, хала киртиг тӏехӏоьттича, коьртехь хьекъале, собаре полководец хилар! Хьан локхаллина дика хууш хилла-кх дан дезарг а, дита дезарг а. Гӏала чагӏйеш, ас тахханалц хьегна къа эрна хили-кх!
– Хӏун дуьйцу ахь, Петр Гаврилович?! – куьйгаш ластийра хазахетар баккъала а тӏехдаьллачу Свистуновс. – Со цхьаннах дозуш ма дац толаман гӏуллакх. Аш массара а гӏо ца динехь, шу дика ца хьаьвзинехь, со цхьаъ веттаваларх, хир ма бацара и толам. Хьайн къаналле ца хьоьжуш, дийнахь-бусий синтем боцуш хьийзира хьо а. Со тешна ву, кхидӏа а аш со тесна вуьтург цахиларх. Баркалла шуна, господа!
– Тхайн синош вайн императорски воккхаллина дӏадала кийча ду-кх тхо! – дезза элира Чермоевс.
– Иза-м шеко йоцуш дара, – тӏетайра Чуликов.
– Баркалла шуна, господа, – сонехь лаьттачу жимачу буфетан хаза бустамаш дохуш, бес-бесара ангалеш дохкуш кечйина жима неӏ схьа а йиллина, коньяк а, йиъ рюмка а йохьуш, йухавеара Свистунов. – Господа, таханлера де вайн толаман йуьхь лору ас. Цунна тӏера цхьацца кад мер вай!.. Дӏаэцал, господа. Цуьнан Императорски Воккхаллин могашаллина, вайн толамна тӏера!
– Дуккха а вехийла Государь Император!
– Амин!
– Амин!