духьалбевлларш, шаьш схьалеца…
Батьяновс кхидӏа ла ца дуьйгӀира Ахьмаде. Шена тӏехьа лаьттачу Чекуновга доцца омра дира цо. Масех минот йалале гӏалгӏазкхийн дошлоша гобира нехан тобанна.
– Хӏара нийсо йац, полконак! – мохь беттара Ахьмада. – Тхо машаре нах ма ду! Тхан йарташна, тайпанашна йукъа мостагӏалла дожо гӏерта шу…
Кхидӏа Ахьмада аьлларг ца хезира МІаьчигна. БІаьргашна тӏейеана йеха, йуькъа бора кӏужал йолчу гӏалгӏазкхичо, тӏе говр тоьхна, йуьстахтесира иза. Тӏехьа лаьттачу Жаьнтамарна тӏекхетаро ирахь а сацийна, расхачу динан баьллачу баккхийчу когаш кӏел ца воьдуш висира. Цхьа масех стага, дений, нанний хьежош, говраш тӏера охьа а ийзош, дуьхьало йира гӏалгӏазкхашна. Шен йерриг майралла а, ницкъ а тӏегулбинчу Мӏаьчига а, ластийна, чоже буй балийтира цхьанна, амма вукхо чІапанехьа коьртах тоьхначу туьро, бӏаьргех суйнаш тосуьйтуш, можа бӏагор баийтира цунна. Циггахь шен майраллин а, къонахаллин а Іаьциг йуьстах а кхоьссина, йехий гӏулчаш йохуш, хьалхахьа йорт ийцира МІаьчига.
Эвла чу воьлча, йухахьаьжира иза. Полковникна тӏаьхьа ишхойн дошлошна йукъахь цунна гира Хортӏа, Товсолта-Хьаьжа, шайн йуьртара кхин масех а.
Дошлойн гонна йукъахь йуьртахой а, тӏаьхьайогӏуш эпсарийн тоба а, салтийн бӏо а гича, кхерабеллачу зударийн маьхьарий, цІогӏанаш девлира. Йуьйцинчу кертех кӏомсарш йетташ, дера летара жӏаьлеш. Шайн кетӏахула чекхволуш, МІаьчигна гира, цхьана куьйга тишачу, ӏаьржачу корталин тӏам бете а лаьцна, ши бӏаьрг къаьрзина, зӏарехь лаьтта шен йоккха стаг ӏайшат. Шена са ма гатде аьлла, мохь тоха ойла хилира цуьнан цкъа. ТІаккха а сацавелира, уллорчу нахах эхь хетта.
«Мича дуьгу-те, дига мукъане а?» – ойла йо Мӏаьчига. Хатта меттиг а бац. Хаьттича, жоп дала стаг а вац. Доьхна гӏуллакх ду-кх…
Салатавера йухаваьлла ӏаьлбаг, винчу хьаннашкахь ца соьцуш, Зандакъ-Араний, Гендарганний йуккъера кордонан зил а хадийна, Сесанхула чу а воьссина, Яьссин аьрру агӏонна тӏе велира.
Цуьнан ойла йара, хӏуъу халонаш хедийна а, Хулхулол дехьа а ваьлла, Басс хица йолчу йарташка восса. Цигара бахархой гӏовтто ӏабдул-Хьаьжиний, Тангӏайний гӏоьнна Болат хьажийнера цо.