Махкатӏехь, Хоттанехь, Тевзанахь а кхиам хилахь, цуьнан догдохийла йара гӏаттам Органан лакхенца баржо.
Амма Свистуновс хьалхейаьккхира хӏинца а. Ӏаьлбагна лаьмнашкий, йуханехьа Симсаран хьаннашкий доьлху некъаш къовла сихойира цо.
Шен жимачу тобанца хӏинца кхозлагӏа гонна йукъа хьовзийра ӏаьлбаг. Коьртехь полковник Авалов а волуш Даьргӏара охьайогӏу отряд доккхачу декъана Даьргӏан, ЦІоьнтаран, Белгӏатан, Гӏоьрдалан йарташкарчу бахархойх вовшахтоьхна йара. Цуьнан декхар дара, Гӏоьрдалахула охьа Шоьна а йеана, цигахь позици лаца.
Эртан-Коьртера схьайолайелира Курински полкан шиъ ах батальонах а, ламанан батарейн взводах а лаьтта подполковникан Кнорринган отряд.
Хулхулон чӏожахула ӏаьлбаг охьа ца валийта, Эвтарний, Эрсанний йуккъера меттиг дӏалаьцнера Навагински полкан йалх ротех, Соьлжан полкан кхаа сотнях а лаьттачу полковникан Нуридан отрядо.
Къилбаседа-малхбузехьа ӏаьлбаг аренга ца валийта, Ойсхарний, Устаргӏарданий йуккъехь лаьттара полковникийн Долговн а, Шимановскийн а отрядаш. Уьш вовшахтоьхнера Тамански полкан шина батальонах, Гӏизлара-Гребенски гӏалгӏазкхийн полкан сотнях а, шина йоккхачу тоьпах а.
Ӏумхан-Юьртахь тӏаьхьалонехь йитира Тамански полкан шиъ рота. Гобаьккхина кевнаш дӏакъевлича, Яьссиций, Ямсуций хьалайолайелира полковникан Батьяновн отряд. Цуьнан ницкъ алсам бара: ГІебартойн полкан кхоъ батальон, виъ бӏе дошло, йалх йоккха топ, гӏумкийн, гӏалгӏайн, Салатаверчу суьйлийн дошлойн сотняш а.
Шен ӏалашонах догдиллина Іаьлбаг, Сесанахула Яьссин аьрру агӏон тӏе а ваьлла, ткъе шийтта шо хьалха нохчийн наибаша эла Воронцов вохийначу Коьжалкан-Дукъахь чІагӏвелира.
Ӏаьлбаг сихха кхийтира мостагІчун ӏалашонах. Цкъачунна Коьжалкан-Дукъахь чІагӏвелла, мелла а шен ницкъ алсамбаккха, йа кхузахь летта вала сацамбира цо.
Дукъа тӏе хьала ма-веллинехь, шен гӏоьнчашца йоцца кхеташо а йина, орцанна гондӏарчу йарташка геланчаш хьовсийра цо. Гӏаттам болабалале иза догйовха хиллачу ЦІоьнтаран, Даьргӏан, Белгӏатан, Гӏоьрдалан йарташкара гӏо хир ду бохург хьехочохь а дацара. Уьш тоххарехь мостагІчуьнгахьа йевллера. Цигахь