йуьстахвохуьйту. Дех-ненах дог лаза а ца мега. Ша тӏекхайкхича, адамех тера вист ца хили цуьнга командующи. Жӏаьла санна, чехийра хӏара.
Цуьнан хІун бакъо йу иштта къамел дан? Дадин ворхІе да ваьхначу лаьмнашка а веана, йаппарш йан? Дадин къоман коча шайн Іедал Іитта? Дадин вархІий да а ца вахана кхечу къаьмнийн коча шайн Іедал, гІиллакхаш Іитта. Цхьа а стаг шен маршонах хадо. Цхьа а стаг сийсазван. Ткъа Дадин къомера мохк дІабаьккхина. Коча дукъ доьллина. ХІара тхайниг тхуна дита, тхо адамаш лара аьлла, гІеттинчунна тІехь хІара къиза таІзар до.
Дадин къамкъарге шад хӏуьтту. Дарделла деттало дог. Го йагийна ков-керт. Меллаша гӏопах ара а ваьлла, шен говр схьа а йаьстина, цуьнан урх лаьцна, гомачу урамехула хьалаволало иза. Мичахь ву-те къена да? Шемал а вац гуш. Йуьртда волу иза мукъане а цхьанхьа хила ма везара…
Эвлал араваьлча, шен белшаш тӏера погонаш дагайаьхкира цунна. Хьанна хаьа, хӏара ца вевзаш, йа безам бацарна, цхьамма кӏелонгара схьа топ тоьхна, вожавахь а. Гӏаттам хьошучарна йукъахь дукха ламанхойн милцой а, эпсарш а ма бу. Ткъа хӏокху тӏаьххьарчаьрга халкъан цабезам алсам бу салташкачул. Белшаш тӏера ийзош схьайаьхна погонаш цкъа бердах чу кхийса ойла хилира цуьнан. Цкъа а йуха уьш тӏе ца йохка. ТІаккха а ойла хьаьвзира. Хьанна хаьа, деца дерг машаре дерзахь а. Йа, цуьнца висахь, хӏорш оьшуш меттиг нисйала а там а бу.
Схьайаьхна погонаш кисана а йоьхкина, говр йоргӏахь хьалхахийцира Дадас.
Лома тӏе ваьлча, гӏашлойн готта некъ тӏулган басенца, лаьхьа санна, сетташ чубоьду. Генна кӏоргехь, детин аса санна, къега Шара-Орга. Ленаш тоьхначу бергаша цхьана эшарехь татанаш до тӏулгаш тӏехь. Говран когаша меттахдоху тӏулгаш, гӏовгӏанца бердан терхех детталуш, кхийсалуш, дӏо кӏоргехь тата доцуш дов, бух боцчу дуьнен чу эгча санна. Чӏаж къардина маьхьаршца бердаца хьийзачу мерцхалдигаша[19]. Олхазарийн бес-бесара эшарш хеза тӏехула а, бухахь а, хьаннашца а. Цхьанхьа оттйокх йека, вукхузхьа – хӏуттут. Хенакӏуро йетта вота а хеза. Ирахь бакъабеллачу попан цхьа долчу цхьана гена тӏе а хиъна, даг чу сингаттам туьйсуш, йека къена хьаргӏа. Ломан басеца шена ижу лоьхуш, сема бӏаьрг