бетташ, аьрзу хьийза хӏаваэхь. Дахар кхехка хӏокху лаьмнашца, хьаннашца. Къийсам бу дийнахь-бусий лаьтташ. Дахарехьа къийсам. Адамийн санна. Амма уггар къиза экха адам хета Дадина. Акхароша синкхетам боцуш до шаьш дийриг. Шайн гай йузо гӏерташ, даха гӏерташ. Шаьш дуьзча, ӏадда а ӏа йуха мацдаллалц. Ткъа адамаша вовшийн дойъу. Къиза. Тоьпаш йетта, ирхъухку, кескаш йеш, этӏадо, мацаллица, хьогаллица дойъу, дагадо. Хӏун дисина цара вовшашна тӏехь данза?
Ойланаша дӏалаьцна Іуммин Дада Шара-Орган чу воьссира. Кхузахь бердаш дӏаса а хилла хӏоьттинчу йоцачу тогӏи чохь хи даьржинчохь гечо дара дехьаволуш. ХІокху ламанца болчу кӏеззигчу наханий бен ца хаьа кхузахь иза дуйла. Хи тӏе кхаьчча, говр а сацийна, хьала-охьий, дехьа бердей бӏаьрг туьйхира Дадас. Даккхийчу чхернашна тӏехула кхийсалуш, йуккъехула хьийзаш, цинцаш детташ, чопаш туьйсуш, гӏергӏаш охьаоьхура, дукха сирла хиларна, ӏаьржа бос беттало Орга. Охьа а воьссина, багара гаьллаш дӏа а йаьхна, урх нуьйра тӏе а тесна, говр хи тӏе хийцира Дадас. Тӏаккха, хин йисте голаш тӏе охьа а лахвелла, куьйгаш дилина, канаш чохь эцна хи бете даьхьира. Сирлачу хи бухахь маьлхан зӏаьнарш къегира. Хи дӏа а ӏанийна, аьрру куьйган цӏаза-пӏелгах йоллучу дашочу чӏагаре хьежа хӏоьттира иза леррина. Пӏелгана гонах хьийзош, масех го а баккхийтина, тӏаккха, схьа а йаьккхина, чоин пхьуьйшах хьаькхна, къагийра цо иза. Бӏаьстенан йуьххьехь цуьнан деган йезаро Маьлхаша тешамна йеллера цунна и чӏуг. Гурахь йогӏур йу аьлла. Хӏетахь, масех денна отпуск йаьккхина, винчу йуьрта веанера Дада. Дукхахдерг, Маьлхаш гархьама. Йоӏ церан лулахошка а кхайкхийтина, сатаса гергадаххалц цуьнца ирахь ӏийра иза. Дадина цо чӏуг йеллийла ца хаьара оцу буса цаьршинца чохь хиллачу Маьлхашан доттагІчунна Яхиний бен. Оцу буса дуьйна йолу хан йахйеллера Дадина. Денош дагардан вуьйлира. Самукъа ца долура Владикавказах а, Грознех а. Диллина дӏа дог лаьмнашкахь лаьттара. Хӏетахь дуьйна цуьнан деган кӏоргехь цхьа гушбоцу кхерам гӏуьттура. Хаьара, шаьшшинна йуккъе цхьа бохам хӏуттур буйла. Туркошца тӏом болабелча, оцу тӏе тидира цо шен кхерам. Ша цӏахь висча, и кхерам