Накашидзена ца йезайелира инарлин Іоттар.
– Ас дӏахецнарш салтий бац, хьан локхалла, ткъа шайн лаамехь гӏаттам хьаша баьхкина бахархой бу. Уьш нуьцкъах сецо бакъо йац сан.
– Амма цара дечу гӏуллакхна вай йал ло, полковник. Вайн йолахой хиларе терра, церан декхар ду тӏеман низам ӏалашдан. Цул сов, со схьавогӏуш, Александр Павловича суна тӏедиллира, нагахь мятежникех дика латахь, ша дегӏастанхошна нохчийн латта лур ду, ала аьлла.
Накашидзе вист ца хилира. Мерехула цо доьӏучу се дегадора мераӏуьргаш чуьра морса, хьийзина ӏаьржа чоьш. Лекхачу хьаж йуккъе мархаш гулйелира. Ткъа Авалов, гоьла тӏе ког а баьккхина, там хилла хьоьжура цуьнга. Чохь цхьана минотна тийналла хӏоьттира. Цхьанаэшшара дӏасатехкара пенах кхозучу доккхачу сахьтан ӏайг. Геннахь салтийн илли доладелира. Смекалов хьалагӏеттира.
– Господа, гӏопе хьажа лаьа суна, – элира цо, коьрта тӏетаӏӏош фуражка а тиллина.
Хӏорш арабевлча, Гӏамар-Дукъахь кхийссарш хезира. Смекалов, саца а сецна, лома дӏахьаьжира.
– ӏуьйрре дуьйна а йу цигахь и кхийссарш, – кхетийра иза Аваловс. – Сулиман шен гӏеранца цигахь ву. Цунна дуьхьал куринцийн кхоъ, апшеронцийн шиъ роташ хьовсийна ас.
Гӏопана чухула гобаьккхира Смекаловс. Пенаш чӏогӏа дара. Царна тӏе хӏиттийна йара бертехула йузу шира йоьзан бархӏ йоккха топ а, шиъ единорог а. Цхьанхьа-шинхьа пена тӏе а ваьлла, масех кхачамбацар гайтира инарлас.
– Саьнгар гомха йу. Форштадт, тур-бастион а чІагӏйан йеза. Нагахь мятежникаша блокада йахь, хи тоьур дац. Бассейна чохь тӏаьхьалонна хи ӏаӏо деза. Лазарет мичахь йу?
Шина а агӏор дийгӏинчу дитташна йуккъехула дӏа нийсачу аллейхула а ваьккхина, гӏопан цхьана маьӏӏехь лаьттачу геригца тхов къевлинчу лохачу цӏеношна тӏевигира Смекалов. Йиллинчу неӏаре оьллина модаша дуьзна киса цхьана агӏор а оьзна, инарла хьалха чувалийтира Аваловс. Смекаловн мерах камфоран, спиртан, кхидолчу молханийн ийна хьожа кхийтира. Чохь тоъал сирла йара. Сени чохь походни маьнгеш тӏехь Іохкура дархой. Маьӏ-маьӏӏера схьахезара церан узарш. Йай-й чевнаш хилларш, инарла гучуваьлча, хьалагӏовтта гӏоьртира.
– Іахка, Іахка, – куьг ластийра инарлас. – Муха ду шун гӏуллакхаш?