– Вон дац, хьан локхалла! – мохь тоьхнна жоп делира даккхий, хьаьрса мекхаш, кеста йашаза эндаже маж йолчу дегӏана зоьрталчу салтичо.
ТІера схьайаьккхина кӏайн халат, хьарчийна, гӏантан гӏовланах а тесна, тӏевеара тӏеман лор капитан Марциновский.
– Дархой дукха буй, доктор? – хаьттира Смекаловс.
– Дукха бу, хьан локхалла. Тахана а валийна бархӏ салти а, кхойтта туземец а.
– Хала чевнаш йерш?
– Ишттаниш а бу. Тахана шиъ велла. Йалханнан дийна висаре догдохийла а йац.
Лазарета чуьра арадевлча, логера ветанаш дӏа а даьхна, вортанах йовлакх хьаькхира Смекаловс.
– Гатте а, бурко а йу цу чохь, – элира йуьхьа дуьхьал йовлакх а лестош. – Мотт-гӏайба а дац цӏена. Чевнаш хиллачу дархошна шишша порци къаьркъа а, дика кхача а, чевнашка хьажжий, кхаангара итт соьме кхаччалц ахча а ло. Дог-ойла айъа церан.
Шолгӏачу дийнахь керла хаамаш кхечира отрядан штаб-квартире. Йоккхачу отрядца Цӏоьнтарна кӏел сецна Іаьлбаг. Ӏумма йуха а Чӏебарлахь кхарставаьлла…
– ӏабдул-Хьаьжа кхераме волчуьра дӏаваьлла, – бохура Аваловс. – Цо дош делла суна ӏаьлбагна тӏеӏаткъам бан. Цахуьлучу далахь, ша цунна дуьхьалвер ву а аьлла. Басса тӏехь хӏинца кхерамениг Тангӏай ву, ӏаьлбаган коьртачу гӏоьнчех волу. Дочу-Борзера Бойсуев Ахьмад шайн цигара йарташ ирахӏитто гӏерта. Амма кхерамениг Нохчмахка йу. Лаьттан къоьллой, мацаллой карзахбаьхна кхузара бахархой. Оцу тӏе, аренгахь санна, вай тӏетийжа хьолахой а, динан дай а бац кхузахь.
– Даьргӏахойн, белгӏатойн, цІонтаройн ойла муха йу?
– Хӏинца цкъа тийна ӏа. ЦІонтаройх Сулиманан цӏийнах нах бен бац гӏаттамехь дакъалоцуш. Йисина йурт дуьхьал йу цунна. Масех де хьалха йиттина цара Сулиманан цхьана гӏоьнчина, говр схьа а йоккхуш. Оцу тӏехула йурт, шина декъе а йекъайелла, вовшахлетта. Йуьртдена а, цуьнан кӏантана а, вешина а чевнаш йина. Сулиманан ваша а вийна. Даьргӏахой а, белгӏатой а йуьстаха Іа. Амма Чомакхера гӏо дац. Соьга гӏоьнна отряд йаийта а бохуш, ГІоьрдалахь шен цӏа а хиъна ӏа иза. И стаг, кӏордийна, хьех чекхваьлла суна.
– Хийца ца мега иза?
– Мегара, хийца стаг велхьара. Цуьнан метта прапорщик Мовсаров Элби хӏотто ойла йу сан.
Суьйранна йоцца кхеташо йира Смекаловс.