Тӏаьхьа делахь а, кхузахь дӏакхоьхьу политика хийца йезар хьийхира цара. Хӏетахь, йуьхьанца, поэтан Грибоедовн а, тӏаьхьа инарла Раевскийн а, хӏинца тӏеман министр волчу Милютинан а хьекъалечу хьехамашка вайн правительствос ладоьгӏна хиллехьара! Цхьамзанаш йуьстах а тийсий, хӏокху къоман ӏер-дахаран, гӏиллакхийн, амалийн хьелаш тидамехь а латтош, ларлуш, сих ца луш, кӏез-кӏезиг вешан йукъараллин дӏахӏоттам хӏокхаьрга тӏеэцийта вай, хӏорш мах лело, бахам кхио ӏамабе вай, кхузахь школаш, больницаш йохкуш, хӏокхарна йукъа лаккхара культура, серло йаржайе вай, бехира цара. Амма вайн правительствос ла ца дуьйгӀира цаьрга. Мелхо а, тӏеттӏа алсамйохура къизаллаш.
Иттаннаш шерашкахь тӏом биначул тӏаьхьа, 1859-чу шарахь, шайца машаре бартбар дийхира нохчаша. И барт цаьрца бира фельдмаршало Барятинскийс. Амма, кхузахь шен ког хӏоьттича, масех шо хьалха цаьрца бина и машаран барт а бохийра вайн правительствос.
Вайн зорбанехь а, килсашкахь а кхайкхадо, нохчий оьрсашна дуьхьал гӏевттина бохуш. Амма иза бакъ дац. ХІокху гӏаттаман тхьамданаш хӏумма а сонта бац. Царна дика хаьа зуламан а, шайн къомерчу къоьллин а, бохамийн а хьоста мичахь ду. Царна хаьа и зулам, бохамаш правительствос кхуллийла. Цунна дуьхьал айъина цара шайн герз. Цунах дика кхета правительствос йузийна нохчийн къоман лакхенаш а. Хаьа, гӏаттам толахь, уггар хьалха шайн баккъаш кеглур дуйла. Цундела цара шайн ницкъ ма-кхоччу правительствона гӏо до хӏара гӏаттам хьаша.
Сийсара, са а гатделла, жимма хан йайъа Евгений Иванович волчу вахара со. Сан цецваларан доза дацара хӏинца цуьнан хӏусамехь къена, цамгаре нохчо карийча.
– Вовзал вовшийн, – дуьхь-дуьхьал хӏоттийра тхойша хӏусамдас. – Сан университетски доттагӏ Яков Степанович. Ткъа хӏара, Яков Степанович, сан нохчийн доттагӏех уггар гергарниг – Берса Рохьмадович. Оьрсийн эскарехь гӏуллакхдарца капитанан чин делла хӏокхунна, шен халкъан маршонехьа къийсарна – итт шо каторга а, цу тӏе, чахотка а.