Нохчочун професси а, могашалла а цхьаммо а йийца а ца оьшура. Цуьнан мокха йуьхь хебарша аьхнера, сирбелла корта тиллера кӏеззиг чоьш бен ца дуьсуш. Дӏа мел доӏучу сица хьаз-хьиз хезара. Хӏетте а, дегӏе бӏаьрг тоьхча, багах долучу даше ладоьгӏча, шера хаалора иза кадрови эпсар хилар.
Евгений Ивановича стоьла тӏе къаьркъанан шиша а, бепиг а, ӏежаш а, самовар а хӏоттийра. Берсас ца молийла хуучу хӏусамдас цунна чай, тхойшинна къаьркъа доьттира.
– Вай цхьаьнакхетарна, сан хьомсарчу доттагӏчун Берса Рохьмадовичан могашаллина тӏера!
Хабарна тӏерачу Евгений Ивановича суна дийцира хӏокху Берсас Петербургехь кадетский корпусехь дешар а, венгрийн революци хьошуш дакъалацар а, оьрсийн революционер Алексей Гусев цуьнан герггара доттагӏ хилла хилар а, нохчийн маршонехьарчу къийсамехь тахана хӏокхуьнан меттигах лаьцна а.
Цхьацца дуьйцуш, тахана банкетехь Свистуновс дийцинарг йукъаделира тхан. Нохчийн туркошца барт бу бохург хьахаделча, хаъал оьгӏазвахара Берса.
– Нохчийн ойла туркошкахьа йу хӏунда моьтту массарна а? – хаьттира цо. Тӏаккха, тхойша вист ца хилча, шен хаттарна ша жоп делира. – Цаьрца цхьана а тайпа йукъара хӏумма а дац тхан халкъан. Деккъа цхьа дин доцург. Тхан лулахой а уьш бац, цхьана цӏийх а тхо дац, мотт а вовшашна аьттехьа а бац. Тхан дайша Шайх Мансуран заманахь гӏо дехна туркошка-м хьовха, англичанашка а. Амма цара а йа вукхара а цкъа а цхьа топ йуза молха делла а, йа политикехула а, йа дипломатица а тхан халкъана дина гӏо дац. Амма, цара гӏо динехьара а, и гӏо тхан халкъо схьаэцнехьара а, эхье хӏумма а хир дацара-м, моьтту суна. Хӏор а пачхьалкхо, хӏор а къомо, шена тӏе хала киртиг хӏоьттича, уггар хьалха шен аьтто лоьху. Масала, полякийн шляхтин ӏазапна дуьхьал шайн къоман маршонехьа къийсамехь туркойн султане а, Крыман хане а гӏо дийхира малороссаша. Амма царна дагахь а дацара йа султанан а, йа ханан а ӏедална кӏелбаха.
Евгений Ивановича кхин а цхьацца кад боьттира тхойшинна.