тхьамдалла хьайга халкъо кховдадахь?
Іаьлбага ойла йира.
– Халкъан лаамна дуьхьалвала пурба-м дац суна. Делахь а, хӏара Къосаммий, Нурхьаьжий теш а волуш, цхьаъ ала лаьа суна. Со, жима ву аьлла, хьалха а теттина, шу даккхийчийн сан букъа тӏехьа а, сан бертаза а шайна тов-товриг лело ойла йелахь, со хьехо оьшуш дац. Гӏаттамна коьрте хӏоттийнарг шен лаамехь хила веза, иза милла велахь а. Ас иштта хӏунда боху аьлча, дикка тхьамданийн ойланаш а, ӏалашонаш а санний, тхо масех къоначерний ӏалашонашца цхьаьна ца йогӏийла сайна хаарна. Вайна йукъахь галморзахаллаш йу. Нагахь шу тхуна тӏаьхьадогӏур делахь, со дуьхьал вац аш кхийдо дукъ коча долла.
Солтмурд вуьйхира. Шач санна, дуькъа хьаьрса чоьш долу шен бӏаьрнегӏарш туьйхира цо.
– Хӏун ду хьуна цатовриг?
– Иза-м шуна хууш деца. Цкъа-делахь, со вуьззина дуьхьал ву Юьсп-Хьаьжас а, Хьуьси-Хьаьжас а, кхечара а кхайкхочу гӏазотна. Ас а, сан бартахоша а лоьхург маршо, латта, нийсо йу. Цаьргахьа къуьйсург, бусалба а, керста а башхо йоцуш, массо а сан бартахо хир ву, ткъа дуьхьалваьлларг – мостагӏ. Шолгӏа, айса долийначу гӏуллакхна дуьхьалваьллачух – хьаьжойх, молланех, дех, вешех а – къинхетам бийр бац ас. Изза дан луур ду суна аш массара а. Кхозлагӏа, ӏумма-Хьаьжас схьалаьцначу некъана а реза вац со. Вайна арахьара гӏо оьшу. Стаг, ша хи буха ваха воьлча, лаьхьанах а тасавелла, боху. Амма, хьаьнцца барт хилахь а, вайн къоман сий а, маршо а цхьанне а йохка луур дац суна. Тӏаьххьара а: имамалла аш соьга лахь, со шух дагавийр ву, амма дан нийсаниг бен дийр дац. Хӏинца хьо дӏавахча, хьо схьахьажийначех дагавала, нагахь уьш сан лехамашна реза бацахь, кхин сан цӏе ма йаккха.
Дийцарш оцу тӏехь тӏаьххьара а чекхдевллийла хиъна, Солтмурд шершина маьнги йисте веара. Месала, доккха ши куьг голашна тӏе а диллина, неӏарехь лаьттачу шен мачашка хьаьжира иза.
– Дика ду, ӏаьлбаг-Хьаьжа. Хьан цхьайолу ойланаш къобалйо ас. Дерриг ахь бохург а хир дац, дерриг тхо даккхийчарна моьттург а хир дац. Цхьа йукъанекъ къастор вай.