Нагахь ахь хьой, ӏумма-Хьаьжий къанвелла бахахь, гӏуллакх къоначеран кара лахь, оха бохург де.
– Хьан бартахой муьлш бу?
– Тхьамданех – Рохьмадан Берса, Яхьсин Ханбетар, Пиркъин Янгӏулби, Герин Арсахьаьжа, Шахь-ӏелин Махь-Мирза, Залмин Дада, Ишин Бугӏа, Апин Митӏа а, хӏара Къосум, Нурхьаьжи, кхин дуккха а.
Шена хьалха хӏиттийна мачаш кога а оьзна, везза хьалагӏеттира Солтмурд.
– Дика ду, ӏаьлбаг-Хьаьжа. Сох дерг аьлча, со реза ву ахь боххург дан. Амма ӏумма-Хьаьжех а, бисинчу баккхийчу нахах а жоп дала хаац суна хӏинца цкъа.
Хьеший дӏа а хьовсийна, цӏа чу гулбелира Олдам а, ӏала-Мохьмад а, ӏеламха а, ӏарапха а. Олдам охьа ца хиира. Вехха лаьттира иза, цӏенкъа а вогӏавелла, ойла йеш. Тӏаккха, ӏаьлбагна тӏе а вахана, леррина цуьнан бӏаьра хьаьжира иза.
– Лаца ма лаца ден маж, амма, цкъа схьалаьцча, дӏа а ма хеца бохуш, кица ду вайнехан, – кӏентан белша тӏе дайн куьг туьйхира дас. – Хьайн даго хьоьхучу новкъа дІагӏо хьо. Дала аьтто болда хьан а, хьан накъостийн а, вай массеран а!..