тӏехь шекъанца бӏаьргаш а, бат а, мара а бира цо. Ден карара тайниг схьа а эцна, цкъа леррина хьаьжира йоӏ. Самукъадаьлла боьлура ши бӏаьрг. Тӏаккха, тайниг жимма хелха а йаьккхина, агана а йиллина, кохкарш хьерчо йуьйлира.
«Цхьа кӏант мукъане а велара», – хӏинца масазлагӏа дагадеара ӏаьлбагна. Тӏаьхье йоцуш вовш хиларо цкъацкъа дагна бала бора цунна. Амма, цхьа минот йаьлча, ойланаш кхечу агӏор дӏахьаьлхира. Дагадеара, ша вожале да-нана долчу Лоьма-Кӏорца вахча, цигахь тӏаьххьара а ненаца хилла къамел. Вуьшта а жимачу дегӏара нана, кӏенташна сагатдеш, кожал хилла, хьаьвзинера. Ӏаьлбаг дӏаваха араволуш, цӏеххьана тӏе а хьаьрчина, йилхира иза…
Хаддаза ӏаьлбаган лерехь дека ненан аз. Хаддаза догу цуьнан къаьхьа бӏаьрхиш тӏеӏенна куьйгаш. Ӏаьлбагна дика хаьа хӏинца кхолламан тӏаьххьара сахьташ гергадуйла. Кхана, лама… Амма ӏаьлбаг дохко ца ваьлла. Цуьрриг кхера а ца кхоьру. Цхьаъ вогуш ца хилча, серло хир йац. Къийсам сацо ца беза, хьо оьшур вара аьлла. Нагахь лай хилла ваха ца лаахь.
Попан дечигах йиначу йоккхачу ной чохь ӏаьлбаган бедарш йуьттуш йоллу Зезагӏаз. Йай чохь кхехкийна, схьа а йаьхна, теса чу охьайехкинчу бедарех йуькъа Іаь гӏуьтту. Пхьуьйшаш хьала а карчийна, дерзина девлла Зезагӏазан пхьаьрсаш цӏийдина йовхачу Іаьнаро. Кортали кӏелхьара а йаьлла, охьайеана кӏужал хьацаро хьаьжа тӏе латийна. Ӏаьлбага къайлах бӏаьрг бетта зудче. ДІадаханчу ӏай цӏен бос бетталуш, йогуш хилла цуьнан беснеш чуэгна. Бӏаьргийн, балдийн йистошкахь хебарш гучудевлла. Гиччошкахь а масех къоьжа чо бу. Йеккъа цхьа Іаьржа месаш йу, йеза стомма ши кӏажар йина, букъ буьзна охьахецна. Ӏаьлбага йуха а ойланаш йо.
«…Хирг хилла даьллачул тӏаьхьа, иттех де хьалха гӏеттина-кх Дегӏаста. Нохчашца дерг чекхдаьллачу хенахь. Цхьаьний долийнехь, толаме догдохийла йара. Хӏинца тӏаьхьа ду. Хӏорш хьаша цигара эскарш далийра, уьш хьаша кхузарниш дуьгур ду».
Ӏаьлбаг шен ойланех йукъахваьккхира тӏадийна лашкаваьлла Оьздамар а валош чувеанчу Коьрас.
– Охӏ! Оьздамар? Хьо лаа вуй хӏокху догӏанехула?
– Вац, дера, – коьртара баьккхина месала куй, неӏарехьа а вирзина, бегийра цо. – Лаа араволу хӏокху