къемат-дийнахь?
Дӏаса а хьаьжна, лоха гӏант а лехна, охьахиира иза.
– Схьадийцал сихха, хьо кӏезигчу гӏуллакхо ца валийна, – сихвира иза ӏаьлбага, маршаллаш а дитина.
Оьздамара дийцира хьалхарчу буса шаьш Тохтархий, Хайруллий лацар.
– Тохтархана дийцарехь, тӏамера Момин Хьота цӏа веана. Кхо-диъ де хьалха иза волчу Шела вахана хилла Гати-Хьаьжи а, Хайрулла а. Схьахетарехь, вайна цхьа тешнабехк бан гӏертачух тера ду уьш, – чекхдаьккхира Оьздамара шен къамел.
Чохь тийналла хӏоьттира.
– Хайруллина хӏун до оха? – хаьттира Оьздамара эххар а.
– Чехкка Чеччалхе йуха а верзий, Къосаме а, Нурхьаьже а вайн нах гулбе ала. Со тӏаьххье дІавогӏу хьуна.