Бахам байча – кӏеззиг дов хьан,
Сий дайча – дуккха а дов хьан,
Къонахалла йайча –дерриг а дов хьан,
Цул а дуьнен чу цавалар гӏоли йу…
Гете
Оьздамара беанчу хаамаша меттара гӏаттийна Іаьлбаг Коьрин бертаза Чеччалхе сихвелира.
– Хьо могаш вац, ӏаьлбаг, вижий ӏехьа, – сецавора иза доттагІчо. – Къосамгӏар шаьш а ларор ма бу цигахь. Нагахь оьшуш хьал делахь, сой, Къайсаррий гӏур ву.
– Хӏан-хӏа, Коьра. Цигахь хӏоьттинарг шатайпа хьал ду, – аьттехьа а ца дитира Іаьлбага. – Аренцарчу йарташкара эпсарш тӏамехь а битина, и Хьота боху зуд лаа ца далийна цигара цӏа. Инарла сонта ма вац цуьрриг а. ЖІаьла къасто хиъна цунна!..
Шен имамаллин тӏаьххьарчу шерашкахь Шемала улло озийра Гендарганара Момин Хьота. Оцу къечу, беркъачу бӏаьхочунна тӏе имаман тидам бахийтира цуьнан майралло а, къизалло а, мекарлоно а. Нохчмахкахь имамна дуьхьалйаьлла йурт къарйечу хенахь, шегара йоккха жигаралла гойтура Хьотас. Цунах лахара наиб а вина, таӏзарийн жимочу отрядна коьрте хӏоттийра иза имамо.
Ши-кхо шо далале Нохчийчоь йуьйжира. Тӏаккха, шен имам хӏокху махкара дӏавала а кхиале, паччахьан эскаран командованина тӏе а вахана, цунна ша доггах гӏуллакх дан кийчча хилар хаийтира Хьотас.
Паччахьан инарлашна а оьшура иштта нах. Йамарт, къиза нах. Церан куьйгашца кху халкъан дуьхьало хьаша, кхузахь шайн ӏедал чӏагӏдан.
Момин Хьотас доггах кхочушдира шен дош. Цо къинхетамза хӏаллакбира хьалхалера шен а, хӏинцалера Іедалан а мостагӏий.
Ӏедало эрна ца дитира цо дина гӏуллакх. Кхузахь уггар дикачуьра баьккхина цхьаъ ах бӏе десятин мохк а, эпсаран чин а делира цунна.
И Момин Хьота вара инарла Свистуновс хӏинца туркошца тӏамера кхайкхина цӏа валийнарг.
Делкъан хенахь шен жимачу отрядца Даьттахенний, Чеччалхенний йуккъерчу дукъа тӏе ваьлча, лаха чохь кӏуьран дохк а, гомийчу урамашкахула говрашкахь а, гӏаш а хьаьлхина лела адамаш а гира ӏаьлбагна.
Хӏорш дукъах чубуьссуш, дуьхьал нисйелира Ножин-Юьртехьара схьайогӏу иттех стагах дошлойн ковра. Ӏаьлбагна бӏаьрг ма-кхийтти бевзира Акхтин, хьаргӏа санна, ӏаьржа, зоьртала дин. Дошлошна йукъахь говрахь, корта а оллийна, вогӏура ӏаьлбагна дика вевза гатийуьртахойн молла Товсолта.