нохчашца йукъаметтиг муха йу шун?
Поповс мерах шок туьйхира:
– Дика йу-кх. Тхо санна, адамаш дац уьш?
Коьртара йаьккхина форменни фуражка шайна йуккъе охьа а йиллина, хӏетта гиччошкара сирйала йоьллачу йехачу, Іаьржачу месашна дайн куьг хьаькхна, мундиран кочан ветанаш дӏахийцира капитано.
– Мел дийцича а, Яков Степанович, мел дика кхабарх а, борз хьуьнха хьоьжуш бен ӏац, – накъосте вистхилира иза. – Тамашийна болх бу иза: мичча къомах а, динах а хиларх, хӏара муьжгий вовшашкахьа узуш хуьлу-кх. Хезирий хьуна, кхара дийцарехь-м, и нохчий маликаш деца? Цхьана ӏаьржачу, йоьхначу буьйсанна, хьо гӏенах хьайн Маруся хьоьстуш ӏаш, чулилхинчу цара хьо уппада ваьккхича, тІаккха-м кхин зурма локхур йара ахь!
Попов, цхьаъ ала дага а деана, эпсаре кӏоршаме дӏа а хьаьжна, доккха са а даьккхина, дӏатийра.
– Дийцал ахь майрра, цхьацца дуьйцуш ца бацбича, беха некъ бу вай бан безарг. Со кхузахь керла стаг ма ву, кху мехкан хьал, гӏуллакхаш ца хууш.
– Хьалха кхузахь тӏамехь лаьттинчу салташа дуьйцу, иштта шаьш тӏелатар дича, нохчаша уггар хьалха эпсарш бойъуш хилла бохуш, – дуьйцучух баккъал ша тешаш санна, цец къамел долийра майраваьллачу Курносовс. – Ткъа цхьамма бохура, цхьа шайн цабезам болу эпсарш, ца бойъуш, боӏий, буьту. Кхузара уьш цӏа кхачаре хьоьжуш, маре баха йиш йоцуш ӏачу мадмазелашна маршо йаккха.
– ДІаэца хьайна, капитан! – гӏадвахана велавелира Яков Степанович. – Хӏара салтий хьуна ма-моьтту аьрта а бац хьуна.
– Мекара жӏаьлеш ду! Ахархойх вуй шуьшиъ?
– Ву, дера. Дворянех велхьара, хир варий тхойша хӏара тоьпан гӏуйнаш ги а доьхкина лелаш?
Курносовс йуха а чоже гола Іоьттира накъостна.
– Вуьшта, Яков Степанович, цхьа пхийтта-йалхитта шо хьалха, дийнна рота салтий уллохь боцуш кху некъашкахула дӏасаваха кхераме ду-м, бохура. Ткъа хӏинца маршо йу! Вайн ӏедало шайн разбойникийн амалш а йитийтина хӏокхаьрга. Кху Нохчийчу кхаьччахьана, цхьа а нохчо ца гина суна герз карахь. Гой хьуна хӏара вайна уллохь ӏийриг? Сакхате пхьарс, лога тӏера мо. Со дуй баа ваьхьар вара-кх, и ши чов цунна цхьанхьа къолах вахча йина аьлла!
«Кху цхьанна тӏехь-м гӏалат а дац хьо, жӏаьла», – дагахь йаппарш йира Васала.