Иттех шо хьалха Теркал дехьа говраш йадо вахча, гӏалгӏазкхичун дӏаьндарго логан агӏонна йиначу чевно боккха мо битинера цунна.
– Баккъал а, господин капитан, ма боккха болх бу-кх оцу мискачу нохчашкахьа болу хьан цабезам, – корта хьовзийра Яков Степановича. – Мичара баьлла хьуна иза, бала мукъане а?
– Оххӏай, цунна бахьанаш дуккха а ду сан. Мацах элан Воронцовн «Сухарийн экспедици» йолуш денда а, шовзткъе ткъайесналгӏачу шарахь да а вийна сан кху нохчийн хьаннашкахь. Дукха дац иза?
Яков Степановича, жимма ойла а йина, жоп делира:
– Нохчаша шайн маршонехьа къийсира.
– Воккха либерал ваний хьо, господин Абросимов! – цуьнан белша тӏе куьг тухуш, гӏадвахана велавелира капитан. – Нуьцкъалчо бакъо маца лехна? Гӏийлачо бен ца лохий иза-м. Кхолламо Россина тӏе сийлахь декхар диллина Къилбседера, Сибирера, Генарчу Малхбалера, Йуккъерчу Азера, кху Кавказера акха туземцаш адамаллин суьрте берзо. ХІокхаьрга шайн рицкъа цӏий ӏенорца, талорашдарца даккхар а дитийтина, хьаналчу къинхьегамца даккха ӏамо. Россис кхузахь шен олалла ца чӏагӏдича, хӏара мохк дӏакхалла цергаш а ирйина ӏаш ма бу туркой, англичанаш, немцой, французаш, кхин, кхин а. Вай царал оьшу ткъа? Вай дуьненан дай хила хьакъ лору ас.
Яков Степановича гӏайгӏане корта ластийра:
– Вайн сийначу мундирийн хьере ойланаш! Ахь йуьйцучу Малхбузе Европерчу пачхьалкхаша а, шаьш цивилизаци йаржайо бохуш, дуккха а къаьмнаш хӏаллакдина дуьненан массо а маьӏӏехь. Царал дукха тӏаьхьа ца йисина вайн правительство а. Кавказера ах миллион сов адам, махках даьккхина, Турце кхалхий. Зударий, бераш, къенаниш а. Церан кхоллам ца хууш хир вац хьо. Амма ахь паччахьан правительствоца, олалла дечу классашца ма дагарде оьрсийн халкъ. Цунна шен даймохк беза доза доцуш, цо бӏешерашкахь ларбина иза арахьарчу мостагӏех. Амма оьрсийн халкъана цкъа а дага ца деана нехан цхьа ге а латта дӏалаца, кхечу халкъана тӏехь шен олалла хӏотто. Тӏе, ша а доллу иза олалла дечу классийн ӏазапна кӏел. Цивилизацех дерг аьлча, иза ӏедалхойн бертаза йаьржа кхуза а, империн кхечу йистошка а. Иза йаржораш вайн официальни мундираш йац, ткъа оьрсийн халкъан прогрессивни адамаш а,