чохь волчу Хьасана, гӏийло дӏайолийна, ӏаламат хаза а, дика а йиш лекхна, йоӏана наб озийна. Хьасана, сай чуьра ара а иккхина, йоьӏан куьг а озийна, йуха сай чу иккхина. Йоӏ, сама а йаьлла, шен гӏоьвлангара шаьлта схьа а эцна, йистхилла:
— Мила ву кху чу ван ваьхьнарг а, сан куьг озо ваьхьнарг а? Вистхуьлуш а, висхуьлу хезехь а цхьа а ца хилла. Хьасана кхин а хаза, ойла йойтуш йиш лекхна. Йуха а ойла йеш, ладоьгӏуш ӏачу йоӏана наб озийна. Йуха а, сай чуьра ара а иккхина, йоьӏан куьг а озийна, сай чу иккхина Хьасан. Тӏаккха а самайаьлла, меттара хьала а иккхина, гӏоьвлангара шаьлта схьа а эцна, мохь тоьхна йоӏа:
— Сихонца схьадийца, кху чу ван ваьхьнарг а мила ву, сан куьг озо ваьхьнарг а мила ву?!
Аса шаьлта тухур йу хьуна, схьа гучувала, милла велахь а!
Вистхуьлуш а, гуш а стагга а ца хилла. Кхин а чӏогӏа хаза а, дог марзонца хьоьстуш а йолу дика йиш лекхна Хьасана. Цу эшаре ладоьгӏна-доьгӏна: ӏ75— Наб кхоьтуьйту йиш лакха, аьлла, сайн нуьйдан тӏе пӏелг таӏийна йоӏа. Хьасана наб кхоьтуьйту йиш а лекхна, йоӏана цу сохьта наб кхетта. Хьасана, сай чуьра ара а иккхина, йуха а куьг озийна йоьӏан. Хьасан йуха сай чу эккха кхиале, хьалаиккхинчу йоӏа, катоьхна, тӏехьара коч а лаьцна, сацийна иза.
— Аса шаьлта тухур йу хьуна, дӏа ма вадалахь, — аьлла, шаьлта схьа а оьцуш. Йоӏа и оллушехь, йухавирзинчу Хьасанан йуьхь ма йарра гина йоӏана. Йоӏ чӏогӏа цецъйаьлла Хьасанан хазаллех. Йоӏ цуьнга хьаьжжинчохь йисина. Эхь хетта, йолчу тӏе а цӏарула- цӏийелла иза. И ший а вовшийн хазаллех цецдаьлла.
Эххар а меллаша йистхилла иза:
— Суна жайнаш тӏехь вуьйцу хезна Хьасан хьо вацахь, кхин хьо мила ву ца хаьа суна: иза воцург, цхьа а со йолчу чу а йа суна тӏе а кхачалур вацара. Бехк ма билла суна, хьо мила ву?..
— И ахьа боху Хьасан со ву-кха... Аса дукха сатийсинарг сан кхочушхили: со хьуна тӏе а кхечи, хьо ган а гина суна. Хӏинца, со велча а, шек а ца волу со. Хьо йолчу ца кхаьчча, хӏара дуьне ца даа, хьо бӏаьрга ца гича, цкъа вайша вовшашка диет ца хилча, хьан хьоме хаза аз сайна ца хезча, дуъчух-молучух сайн кийра ца бузо чӏагӏо а йина араваьллера со. Цхьайтта шарахь некъ а беш, генара схьавеъна, со хьо йолчу а кхечи.