Аса цӏий хьанал до хьуна. Со бахьанехь цхьаммо а хӏума эр дац хьоьга. — Хьасана аьлча, йоьӏан бӏаьргех хи даьлла: хазачу дашо лам башийна, олуш ду-кх.
Эххар а йоӏ меллаша йистхилла:
— Хьо майра кӏант ву, Хьасан, хьуна шаьлта-м муххале а тухур йацара аса... Йоӏа йуха а Хьасане хаьттина:
— Хьасан, со кху чуьра дӏа муха йуьгур йу ахьа? Хӏинца вай хӏун дича бакъахьа ду-те? Со паччахьан кӏантана йига баьхкина нах бу кхузахь.
Хьасана хьехар дина:
— Хьайн бедар соьга а лой, сайниг хьайна тӏе а йохий, хьо кху дашо сай чу хаа, сай, дӏа а бигийтий, болчунна дӏабалийта и сан ваша ву. Со а тӏаьхьа тӏевогӏур ву шуна.
Цо сихонца шена тӏе йуьйхира Хьасанан бедар, шенаш Хьасане а йохийтина, ша сай чу хиъна йоӏ.
Хьасана, паччахьа бахкийтинчу нахе мохь а тоьхна, аьлла:
— Дашо сай дӏабигий дӏало болчуьнга, ткъа со йига баьхкинчаьрга, со кийча йуйла а хаийта.
Шена чухиинчу йоӏаца, дашо сай дӏабелла Ахьмаде, ткъа паччахьан йоӏ йига баьхкинарш а кечбелла шайн нускал дӏадига.
Паччахьан кӏантана шаьш паччахьан йоӏ йуьгу моьттуш, хазахеташ а, баккхийбеш а йалх верданахь новкъа боьвлла уьш.
«Паччахьан йоӏа» аларца, «марйишица»-паччахьан кӏентан йишица ша хиина «паччахьан йоӏ»-нус, говрашлохкург бен шаьшшинца а воцуш. «Несо», жимма дӏанехьо доьвлча, аьлла:
— Шу дӏадуьйлало, тхо а тӏаьхьакхуьур ду шуна: гуттаренна а сайн махках йолуш хилча, суна тӏаьххьара а махке, бӏаьрг а тухуш, йан лаьа. Тхоьца кхин цхьа а ма саца, — аьлла, вуьш массо а шайна хьалха дӏа а хьовсийна, шаьш хаза паргӏат новкъа боьвлла уьш: Хьасанний, паччахьан кӏентан йиший, файтона хьалха хиина волу говрашлохкурггий.
Кӏеззиг сакъоьруш шаьш леллачул тӏаьхьа, Хьасан вистхилла йоӏе: — Со паччахьан йоӏ- нускал дац, со Хожица ӏийна волу Хьасан ву. Цхьайтта шарахь некъ бина асий, сан вашассий паччахьан йоӏа тӏе кхача гӏерташ. Со цунна тӏе а кхечи, тхо вовшийн ган а ги, сан вашас и дӏа а йиги. Йоӏ, хӏинца тӏаьххьара а хьожур йу-кх хьо кху махке. Вай хӏинца ӏ76сов гена махка доьлхуш ду хьуна. Хьо аса сайн вешина Ахьмадана йуьгуш, сан хьоме нус йу хьо... Ткъа хьо... — аьлла, говрашлохкучунна тӏе вирзина Хьасан, — хьайга де аьлларг а деш хила веза: йа тхоьца дӏавола, йа меллаша охьа а воссий,