— Аса-м веза хьаша вина тӏеоьцура дера вара хьо… Цӏе муха йу бохура ахьа хьайн? – хаьттира Мовлас йуккъехула.
— Ай, сох-м ӏандаркъа олу жима волуш дуьйна, — бегаш бира ламарочо, шена луучунна тӏекхочуш дуй а кхетта гӏуллакх.
— Аса-м хьаша вина тӏеоьцура ма-вара хьо, амма хӏара ши гали хьаьжкӏаш йисина-кх сан кочахь, кӏант тӏаьхьа ван хьевелла суна говра ворданахь, — дере дира Мовлас, шен хилла ваьллачу хьеше.
— Ши тӏоьрмиг хьажкӏаш йох ахьа? Хьалтӏекхосса вирана! – олуш Мовлин галин бертигаш йоьхкуш гӏо дан сихвелира хьаша.
Йесса базаран майданахь шаьшших висина ши къонах-м чӏогӏа гӏадвахара реза вара иштта дӏанислучу гӏуллакхна. Базар чекхйолуш шайн кӏалдаш схьагӏлйеш сиха тохабеллачу зударел а хӏумма а меллаша ца хьийзара хӏинца хӏара ши къонах а. Амма йессачу базаран майданахь кхоалгӏаниг-м сиха кхийтира ша диина хьаьжкӏийн буьртигаш хӏинца шена марах девриг хиларх. Вира-м шен архаш д ӏахецначура, цӏехьа боьду некъ лохуш дӏаса хьаьдира майданехула «ий-йокъи-йокъи-йокъи!» — аьлла кхузарчу йуьртахошка орца а доьхуш «со а ма-дара йуьртан хьаша!» — аьлча санна.
Амма сиха го бинчу шина къонахчо каден хадийра виро шен бакъонаш ларйеш маршонехьа айбина къовсам. Вир шен архашах когаш хьаьрчина кӏеладисира, йийсаре дагӏара! Хьажкӏех дуьзина, виро шена хиндер а ца хууш кхаьллина масех буьртиг ца багарбича, шиъ гали виран букъан буьххье делира.
Дуьне кхоьллинчу хенахь дуьйна шаьшшиъ вовшен вевзаш волуш санна кӏайн виран букъна буьххьера шина гали хьаьжкӏашна хьалха ваьлла дишнийн йуккъе схьагӏертара ши къонах. Виран деха кӏайн ши лерг хьалхачулла а лаха олладеллера, лахара белда а дара делхан кечделлачу беран санна олладелла, ша шега «гӏулкх дарий хьан нехан хьаьжкӏашна тӏехкхийда!» бохуш шабар-шибарца дов деш санна хьеш. И дишнийн йукъ-м йуьртана йукъ-м йуьртана йохалла хьалнехьа гена а хиллера, делахь а вирана мелла а там хуьлуш дериг, иза некъ цӏехьа боьдуш хилар дара. Хӏора боккхучу когаца хӏорш виран йуьртана улло гӏертара.
Эххар а дуьхьала кхечира дукха сиха лаьллина йоккха гӏовгӏа айбина йогӏуш говрана ворда. Вордан йуккъе ирахӏоьттина говра чехош Мансур а вара.