Хиллачух массарел а хьалха кхетта кӏайн вир, дуьхьала дӏа дела-м ца делира, кхин дериг-м хилира цунна. «Иа-акъ!» — олуш ӏахан а тохаделира и, амма тӏеххьара ша ӏаьхча йуртахойх шена ца хилла накъосталла а, шена цул тӏаьхьа хилларг а дагадеъна шен хеннахь дӏасецира и. галеш вордана тӏе а ластийна Мансур-м, шаг учу ма валлар сиха дишнийн йуккъе дӏатилира.
Мовла хьешаца висира хӏокхунна шен ков-керта боьду некъ гойтуш. Хӏинца а хьалха ма вар дукха хенахь дуьйна вевзаш волуш санна къамеле ваьлла вогӏра ши къонах. Хьалха санна тӏехьахӏоьттина кӏайн вир а догӏура, делахь а лергаш охкаделлехь а шен хӏинццалца хиллачу охкадаларехь дара, балда хьалаоьзнера… Ткъа болар! Болар-м дика хьоьгуш йолчу жерочуьна болата лекха кӏажа болчу тухленаша дечу «цӏак-цӏик!» — ках тера дара. Шен йуьртабоьдучу некъара дишнийн йуккъе шен архаш дӏаоьзийча-м жимма дог тохаделира виран, болар а хийцаделира. Делахь а, кестта вир-м цӏенна йалсамане кхечира. Мовлин кертахь, ӏиндагӏехь! Шийла сирла хи малийча! Лилула сийна буц йиллича хьалха! «хах!» аьлла чу садеинчу виран кӏайн бос гӏургӏезан масс анна лепара.
Мовлас Мансур сихонца вахийтира кха тӏе шен хӏусамнана цӏайалон.
— Болх а, хьажкӏаш а йитий цӏайола ала хьайн нене. Вайга хьаша веъна ала! – олуш сихвинера дас шен кӏант.
Веа хьаша а рагӏу кӏелахь паднар тӏехь паргӏатаваьккхира Мовлас. Лула-кулара, тахана балхахь воцург шайн нийсархой а чу кхайкхира, хьаша веъна аьлла. Боккха йай а оьллира кестта цӏере, чохь буьззина жижиг а долуш. Хӏусамнана а дукха хьен ца йелира, Мансурас говра ворданахь кхачийра иза. Кестта жижиг-галнаш хӏоттийра рагӏу кӏелахь йоккхачу, лоха горга истолана тӏе. Истол хьаша ӏаш волчу паднарана улло хилийра! ӏиндагӏехь паднаран керахь берана санна набозийначу везчу хьешана кхийтира и хаза хьожа! Сихонца велира и сама, паднарах чу хийцира цо ши ког, дехьа-сехьара вевза-везарг а вара хьаша веъна аьлла рагӏу кӏела гулвелла.
— Могуш-маьрша ӏаш дуй техьа шу! – гӏиллакхехьа бевлла хоьттура дишнийн къонахоша хьеше. Хӏора къонах хьешана мараэккхаш чекхвелира.
Башлам санна истолан йуккхехь шунна чохь лаьттара кхихкинчу дерстинчу жижган таьрхаш!