Ас корта ластабора.
ЦӀерпошт а кхечира схьа, генара дуьйна мохь хьоькхуш, саьрмиках терра йахйелла, «чуф-чуф» деш, мерах шок а йетташ. Нах хьалхий-тӀаьхьий, цхьа ларам а, гӀиллакх а доцуш, цхьабосса аратеттабала буьйлира вокзала чуьра, тӀоьрмигаш а текхош, маьхьарий а детташ.
Йоккха стаг а хьаьдира хьалха дӀа, йоьалгӀа вагон а хоьттуш нахе. Лулахой а уьдура. Со, карахь йоккхачу стеган чамда а йолуш, генна тӀаьхьа вогӀура, тахана масийттазлагӀа сайга хоьттуш, дӀаала ас йа ма ала, хӀун до аьлла а, ца аьлла а хӀун до бохуш, айса-сайца къуьйсуш.
Йоккха стаг, тхуна массарна а мара кхетта, вагонан ламеш тӀера тхоьга куьг а ластийна, къайлайелира.
«Схьаийна стаг йара», - элира цхьамма.
«Мел дика Ӏийра вай!» - вукхо.
«Хала-м хета…» - кхозлагӀчо.
Со вист а ца хилира. Со ца тешара, хӀара дерриг а иштта ду бохучух, чекхдаьлла бохучух, айса хӀумма а дӀа а ца олуш цуьнга, йа ала а ца гӀуртуш.
Вагонаш меллаша дӀатекхира узаршца, цкъа чӀоггӀа тоха а йелла, цӀерпоштан йохалла. Цхьа-ши кор а делира тӀех. Цул тӀаьхьа кхоъ, диъ, пхиъ. Йуха йалхалгӀа, тӀаккха - дерриш а. ТӀаьхь-тӀаьхьа сихлуш, цӀеран суйнашца чекхлелхаш дӀадайра кораш. ЦӀерпошт а дӀайахара, цуьнца - йоккха стаг а.
Ас хӀумма а ца элира. Суна цӀерпоштан гӀовгӀанехь сайн деда дуьхьал хӀоьттира, цуьнан гӀийлла мархашка хьежар, цо наггахь доккхуш хилла са, бӀаьрнегӀарш тӀе а дохкуш. Цунна Нохчийчоь гуш хиллера, цуьнан лаьмнаш, царна, лаба санна, тӀетаттайелла кӀайн садоьӀу мархаш. Йа шен цӀенош гуш хир дара цунна, Соротара бугӀанашца тӀеш а кхоьхьуш, ша дина хилла долу, хӀинца ас ткъе кхоъ бӀе туьма а делла, сайн дола даьхна лаьтта, йоккхачу стагана шен йишин цӀа санна, тӀаьхьенна а ца дуьсуш.
«Кхо бӀар дийнера ас цу керта», - олура дадас кест-кеста.
БӀар хӀинца шиъ бен ца диснера. Аьрру куьйган кхо пӀелг бен бацара сан деден, цхьа ког а бара астагӀа. И чевнаш цунна Деникинхойх леташ, Ӏалхан-Йуьртахь хиллера, советан Ӏедал чӀагӀдеш. «Хьо цӀерпошта чохь вира, - олура цо соьга, - и тиша некъ вай бохьуш, шолгӀачу мартехь». Со а цу цӀа чохь кхоллавелла хиллера ненан кийрахь. Йуха цу чуьра дӀа а вохийнера.