Нана цу шарахь йелла хиллера сан, Казахстане дӏакхаьчначу бӏаьста, мезаша йууш, до санна, йеста а йина. Цунна йаахӏума лаха вахна сан деда, колхозан кӏен пунт а лачкъийна, итт шо хан а тухуш, чувоьллинера.
Хӏан-хӏа, йоккха стаг ца йилхинера февралан ӏуьйранна дӏабохочу нахана тӏаьхьа, ша суна гайтинчу корах ара а хьоьжуш. Со ца тешара. Суна хала дара теша. И цӏа сан деден дара. Йоккхачу стеган кехат дара ас тахана дешнарг, цо Пскове шен йишига йаздина долу: «Сан хьоме йиша, чӏогӏа сингаттаме кхаъ боккху ас хьоьга, нохчий, гӏалгӏай цӏа бохкуьйту бохуш дуьйцу. Хӏун дийр ду хууш-м дац тхо хӏинца. Дала бакъ ма хуьлуьйтийла иза».
Йоккхачу стагана шийла кхаъ хуьлуш хиллера со сайн Даймахка цӏа варах, сайн лаьтта, сайн дедех дисначу цӏа чу.
Хӏетте а ас хӏумма а ца элира цуьнга. Со вехха тӏаьхьа хьийжира иза дӏайахначу цӏерпоштана. Цӏерпоштан тата эзар мохь хилла соьцура сан коьрта чохь, лайн кӏуьрах пхенашца кхерстара, некъан бохалла шен кийрара декъий кӏайчу лай тӏе ӏенош хьаьддачу цӏерпоштан тата. Со кхийтира тӏаккха, сайга йоккхачу стаге хӏумма а ца аладаларх. Йоккхачу стагана ца оьшура сан хаттарш, цунна уьш хьашт а дацара, иза кхетар а йацара царах. Цу хенахь дуккха а ма ца кхетта цу хаттарех. Уьш кӏезиг ма хилла, кхеташ берш, цхьа масех стаг. Йоккха стаг нисйелла ца хилла-кх царна йукъахь, хӏун дер ткъа, хӏун дер…
1987 ш.