Амма, берзан кӏезанан санна, къегачу цуьнан бӏаьргашна дуьхьал хьажавелча, эпсаро шен хьажар сихха цӏенкъа дуьйгӏира. И кӏант цунна тарлора хеса йугӏучу мунданах. Йоьхна калдайаьлла, летийна къарзйелла, стенах йина ца хуучу йаьлла гӏовтал. Цунна тӏехула йихкина жима шаьлта. Доьхкарх йоьллина тапча. Кӏайчу кхакханан тишачу куйна бухара схьахьоьжу майра ши бӏаьрг. Царна чохь гора само, оьгӏазло, цабезам. Куьг а ду, воккхачо санна, шаьлтанан макъарна тӏедиллина.
Эпсар дагахь велавелира.
«Шек дӏа а вуй иза? – бохура цо. – Кхечахьа нисвелча, шен аьтто баьлча, со вуьйр а волуш, ткъа хӏинца, кху тхов кӏел, сан коьрта тӏера чо ца талхийта, шен са дӏа а лур долуш лаьттийца. Тӏекхуьучу чкъуран а безам бац тхоьга. Баккъал а аьлча, хӏара керла питана меттахъхьедийраш къона тӏаьхье ма йу. Дӏабаханчу бехачу тӏеман халонаш ӏаьвшинчу баккхийчу наха-м дог ма диллина толамах».
Шен кисанара схьадаьккхина шалхатоьхна жима кехат, даржа а дина, чиркхан серлонга хьалалецира хьешо. Цуьнан бӏаьргашна хьалха хӏиттира хазачу хотӏаца цӏеначу оьрсийн маттахь йаздина нийса могӏанаш:
«Господин полковник!
Дехар ду хьоьга, вайн массеран а йукъарчу гӏуллакхан дуьхьа, гуттар къайлаха хӏара кехат хьайга деллачуьнца цо тоьхначу хенахь цо йиллинчу метте вар. Кху стага жоп ло хьан дегӏан маршонах».
Кехат тӏехь цӏе йацара иза йаздинчун. Шега хеттарш дарх, хӏусамдас а ца вийцира иза. Амма полковникна хаьара и йаздинарг сонтачех стаг воцийла. Кехат чӏогӏа ларлуш йаздинера. Цхьаннан карадахарх, хуур дацара и хьан йаздина а, хьаьнга йаздина а. Тахана цо дукха ойла йира, оцу кехато кхойкхучу гӏо-те йа ма гӏо-те ша бохуш. Йиллинчу метте ша ца вогӏуш ӏийча, кӏиллолла висина аларх кхоьрура. Дукха хан йац цо, элана Тумановна улле а хӏоьттина, Кунта-Хьаьжин мурдаш байъина. Царах дерочунна тӏенислахь, тоьхна ӏункар вохуьйтур ву. Тешам боцуш зама йу хӏара. Амма полковник а вац кӏиллочех. Цул сов, хӏусамда йукъара хилла цуьнан маршонна. Дӏа ойла йича, кехат йаздинарг а ву оьзда стаг.