Кертахь хӏоьттинчу тийналло а, цӏа ван хьевеллачу хӏусамдас а, цӏоькъалоьман кӏорни санна, цабезаме шега хьоьжуш лаьттачу кӏанта а даг чу гӏеххьачул кхерам туьйсура цунна. Делахь а, дехьа чохь кхача кечбеш текх-цаций, пхьегӏашший вовшахйеттачу хӏусамнанас синтем бора полковникна.
Арахь жӏаьлин буьрса гӏовгӏа йаьлча, шен голаш йуккъехь лаьттачу туьрах катуьйхира цо. Цуьнан тидам хиллачу Болатан къайлаха велавалар иккхира. Иза тосаделлачу полковнико, шен даг чу иккхина кхеравалар къайладаккха гӏерташ, тур нисдо кеп а хӏоттийна, йайн йовхарш туьйхира. Жӏаьлин гӏовгӏа сихха дӏатийра. Когийн дайн тата неӏаре деара, дукха хан йалале дуьхьаларчу цӏа чу адамаш девлира.
Шо гергга хан йара Берса винчу йуьртахь хилаза. Кхуза кхаьчча, карлайолура генна дӏайахана бералла. Хӏара ша вина йурт, берахь левзина меттигаш гархьама, Басс-хин лохачу бердашка бӏаьрг тоха, цуьнца шен дегӏе керла ницкъ эцархьама, наггахь цига а вогӏий, кху ара бӏаьрг бетташ, хуий ӏай, воьдура иза. Амма кхузахь вац цуьнан цхьа а. Йеккъа цхьа денвешин йоӏ Хеда йоцург. Йижарий, вежарий Берсин хилла а бац. Нана а йелла иза жима волуш. Ткъа да, дийна велахь а, цо велла лору…
Дуьхьал цӏа чохь ах бодашкахь цӏеран серлонехь текхахь мижарг хьакхош йоллу Хеда, Берса неӏарх чоьхьа ма-веллинехь, схьахьажайелла, хьала а иккхина, шен ахьарх, мижаргех дуьзначу куьйгашца иза мара а вуллуш, цунна тӏекхийтира.
– Докку! Докку! Дела йала хьан нанас ца йина йиша! Хьо мичахула лела-те, лела мукъана?.. Сан нанас бинчийн санна, айъина керта шийла дакъа дохьур-те йа мецачу берзалоша даьӏахкаш йаьжна, сутарчу хьаргӏанаша ши бӏаьрг мелла, орцахвала ваша воцуш, тийжаш йелха йиша йоцуш докъаза вовр-те бохуш, ас-м дукха сагатдой хьуна, нанас ца йина йиша йала хьан, Докку…
Шен некха тӏе а таьӏна, йоьлхучу Хедин коьртах дай куьг хьоькхуш, цуьнан догъэца гӏертачу Берсин бӏаьргаш тӏунделира. Дог ӏийжара тӏамо да а, шиъ ваша а вийна, цхьа йисинчу оцу декъазчу зудчух.
– Ма йелха, Хеда, ма йелха. Берриш а бу Делан белхаш. Цо йаздинчух вер вац цхьа а, – шича тейан гӏертара иза. – Осала ма хила, вай цхьанна гича, эхь ду…