Шина шичин вовшашка болу безам а, марзо а, ткъа иштта наггахь цхьаьнакхетча, хилларш карла а долий, цаьршиннан ойла хуу Данчӏа неӏарехь, вист ца хуьлуш, хӏоьттина лаьттара. Эххар а, шех хьерчачуьра Хеда меллаша дӏа а йаьккхина, хьешан цӏа чу велира Берса.
– Ассалам ӏалайкум, суьйре дика хуьлда хьан, полковник!
Цавевзарг чоьхьаваларе хьоьжуш ӏачу полковнико, ша ӏачуьра парттал хьала а гӏеттина, шен аьтту куьйгара кӏайн кара дӏа а даьккхина, хьешо шега кховдийна куьг меллаша схьалецира.
– Ва ӏалайкум салам, диканна вогӏийла хьо а!
Полковнико леррина бӏаьрг туьйхира цуьнга. Амма, йуьхьа тӏе таӏош коьртах хьарчийначу башлакха йукъара схьахьоьжу догцӏена майра ши бӏаьрг, кӏеззиг хаалуш дукъ тӏедаьлла боккха марий, цунна кӏелхьара дуькъа, ӏаьржа, хаза хьовзийна мекхаш доцург, хӏумма а ца гора. Делахь а, цуьнан дегӏах, боларх, къамелах хиира полковникна иза оьрсийн эскарехь кхиъна нохчо вуйла.
Коьртах хьарчийна башлакх дӏайаьстина, Данчӏе дӏа а кховдийна, маьхьсеш когахь истанга тӏе а ваьлла, ши ког чучча охьахиира Берса.
– Тӏаккха, Къосам, шу могаш-паргӏат дуй? – хаьттира цо, нохчийн эпсарша а, хӏетта зӏок тоьхна, чкъоьргара кортош арадаха гӏертачу чиновникийн интеллигенцис а, оьрсех тарбала гӏерташ, вовшашлахь йоккхуш ма-хиллара, цуьнан цӏе ден цӏарца а ца йоккхуш. – Доьзалш муха бу?
– Далла бу хастам, дика ӏа тхо. Шу а деца могаш?
– Дала дика кхобу. Суна бехк ма биллалахь, сайл ханна воккха а, йукъараллин меттигца лакхахь а волу хьо ас схьакхайкхарна. Цаторуш гӏуллакх нисделла, дира ас хӏара.
– Бехке дац, – полковник леррина Берсега хьаьжира. – Сайна хьо цхьанхьа гиний-те, моьтту-кх суна?
– Гина хир ву.
– Тамаша бу-кх, суна гинчу хенахь хьуна тӏехь гусарийн эпсаран мундир а, нагахь со виц ца веллехь, хьан белшаш тӏехь капитанан аксельбанташ а ца хиллехь?
– Цул а мехалчо тоьхна вайша вовшах, полковник.
– Хьан некха тӏехь Святой Аннин орден, Георгин жӏара а йарий-техьа, моьтту суна?
– Дерриг а хила тарло.
– Делахь хӏета, хьайн цӏе йийцахьа суна, господин капитан? – цавашарца хаьттира полковнико.