Дуьххьалдӏа нохчо Барзин Рохьмадан Берса ву со.
Полковнико тидаме а ца ийцира Берсин йуьхь тӏехь а, къамелехь а шерра гун кӏоршамалла.
– Хӏаъа, хӏаъа, хӏинца дагавогӏу! Фельдмаршалан Паскевичан эскарша венгрийн мятеж хьошуш, инарлин Лиддерсан отрядехь гӏуллакхдеш хилла капитан Барзоев вай хьо-м. Со гӏалат вацахь, цигахь доггах гӏуллакхдарна капитанан чин а, орденаш а йелира хьуна. Хьан да гергара стаг ву сан. Кхоалгӏачу гильдин совдегар. Дена хьалха кӏентан декхар ахь кхочуш ца дой-те, моьтту суна. Барзоев, тов. Россера цӏа вирзича, Соьлжан-гӏопехь гина суна хьо. Йуха, Гермачигахь хиллачу тӏамера дезертир хилла, ведирий хьо?
Курумовс хӏинца дуьйцурш диллина Берсин дагна ӏеткъаш хӏуманаш дара. Да хьахош дина хаттар шена ца хезначух дитира цо.
– Хӏетталц вара со дезертир. Оцу дийнахь сайн декхаршна тӏе йухавирзира. Суна а догӏу и де дага. Оцу дийнахь дуьххьара суна а гина хьо элан Барятинскийн свитехь.
Курумовс цецваьлла корта лестабора.
– Ткъа ас цецвуьйлуш ойла йора, ванах, цӏеначу оьрсийн маттахь хӏара кехат йаздинарг мила ву-те бохуш. Вайшинна-м вевзаш хилла. Амма халахета-кх, дика европейски образовани а йолуш, нах хьоьгуш ирсан новкъахь карьера йеш воьду ӏедало лоруш волчу ден кӏант оцу сагӏадоьхургех а кхетта лелар!
– «Пачхьалкхера тӏаьххьара сагӏадоьхург а адам ду, паччахь санна», – аьлла-кх Фридриха Шолгӏачо. Мухха делахь а, сан халкъ ду иза. Оцу сагӏадоьхургийн кийрахь, муьлххачу а просвещенни адамийн санна, дог ду. Церачел тӏех майра, къинхетаме, адамаллин ду ала а мегаш. Оцу сагӏадоьхургаша шайн маршонехьа къуьйсу. Ткъа вайн халкъ оцу хьоле дожийнарг Россера ӏедал, цуьнан йолахой шу а ду.
Ши хьаша ма-хуьллу къамел кӏеда-мерза дан гӏертара. Амма иза иштта ца нислора. Дуьнене шайн хьежамашца, стигаллий, латтий санна, цхьаъ вукхунна геначу цаьршиннан ницкъ ца кхочура вовшашка болу цабезам къайлабаккха. Цуьнан дӏовш ӏийдалора хӏор а дашца.
– Вайн къам бодане ду,
Барзоев. Бодане къам маьрша хила йиш йац. Иза даим а дозуш хуьлу культурехь, йукъараллин дӏахӏоттамехь шел лакхарчу къомах. И ца хаьа йа хаа кхетам а боцу вайнах шаьш бу шайгарчу бохамашна бехке. Вайнехан сонталлин тӏаьхье йу иза.