Вовшийн къамкъаргаш хедош бен, сатец. Массо а воллу шел гӏорасизниг кхалла гӏерташ. Адамаш дукха дайъинарг даржехь лакхавоккху. Цунна чинаш, орденаш ло. Цунна мохк ло. Цара, цуьрриг эхь ца хеташ, шайн накхошна тӏе а ухкий, лелайо и эчигаш. Иэхь-м мича хетара царна, мелхо а, дозалла до. Ма дика хир дара, и орденаш шайн хьаналчу куьйгашца къахьоьгуш, адамаллин гӏуллакхна хьуьнарш гайтинчарна луш хилча, ткъа адамаш дайъархойн коча цхьа шатайпа эхье мидал уллуш хилча! Йогӏур йуй-те и хан?»
Андрейн гӏайгӏане ойланаш йукъахйехира лакхо дукъахь шийлачу хӏаваэхь декъа лилхинчу тоьпийн татанаша. Уьш хезча, ӏела, йухавоьттича санна, цӏеххьана хийцавелира. Тоьпийн татанаш хӏор а минотехь гергагӏертара. Кхеравелла бос баьхьна Яшка Андрейн шуьйрачу букъа тӏехьа иккхира. Кхерам хаабеллачу ӏелин бӏаьргаш ткъесах кхерстара дукъара охьа йуьрта догӏучу некъашца. Кхоссадала кечделла цуьнан дегӏ оцу минотехь чӏогӏа тера дара цӏоькъалоьмах. Цӏийделлачу хьажа тӏехь кӏайбелира аьтту агӏор бӏаьрга тӏехулара мацахлера чевнан беха мо. Амма Андрей шек вацара. Цунна хаьара, кху сохьта паччахьан эскарш даьхкина, цара и йурт сийначу цӏарах йагийча а, кхузарчу наха шаьшшиннах пӏелг хьакхор боцийла.
– Андри, дӏадаха деза вай, – элира тоьпийн татанашна реза ца хиллачу ӏелас. – Генара йогӏучу дӏаьндарго къаставац доттагӏ а, хьаша а, мостагӏ а.
Царна генабоццуш, регӏара охьа эвла богӏу некъ шина тарха йуккъехула араболучухула, оцу минотехь гучубевлира говраш хаьхкина богӏу дошлой. Хьалха сирачу динахь вогӏучу беречух бӏаьрг кхетча, ӏелин хазахетта мохь белира:
– Чора! Хӏорш-м тхан бераш ма хилла! – доккха садаьккхира цо.
Оцу бӏаьрнегӏар тухучу йукъана йуха а тохарлерра догцӏена, эсала ӏела хилира цунах.
Марсадевлла дой урх хецна а дитина, хӏаваэ тоьпаш, тапчанаш йетташ, лахо боьрахула тӏехлилхира уьш. Берриш а цхьатерра къона, дейтта-пхийтта шо хенара бераш. Махо ловзадора церан вертанаш, башлакхийн тӏаьмгаш. Хӏорангахь а дегӏо ма-ллов герз дара. Гӏонжагӏе дихкина таьлсаш, дагарш, белаш, коьжалгаш, чуханаш, серех дуьйцина хӏазарш – нохчийн лыжаш.
Дуьйлу герзаш а, хьаьсарте баханчу береша