детта маьхьарий а йуьртана гергагӏоьртича, боьхна хьаьвзира майданахь пхьоьхана гулбелла нах. Андрейна гора, шайн карахь герз дерш маьждиган тӏулгийн пенаш тӏехьа чӏагӏоне буьйлуш, герз доцурш – гомачу урамашкахула цӏа уьдуш. Амма уьш дӏасахьаьвзина бовлале, йуьртан майдана лилхинчу береша сацийра и хьовр-зӏовр. Уггар хьалха шайн дой, тӏаккха бераш а девзинчу наха, чӏагӏонаш тӏехьара схьа а буьйлуш, го бира царна. Оцу минотехь момсарна буьххье ваьллачу цхьамма, йуьртана кхерам цахилар хоуьйтуш, билгалйина йукъ йолуьйтуш, кхузза топ кхоьссира. Береш ломара цӏа бирзинийла хиъча, уьш декъалбеш, тоьпаш йийлира массо маьӏӏехь. Цхьана йукъана, баккъал а тӏом болуш санна, кхехка йуьйлира йурт.
«Мисканийн цхьа минот а йац-кх синтеме, – ойла йора Андрейс. – Шайн синош лардан кийчча ӏаш ду-кх шу массо хенахь».
– Уьш хӏун береш бара? – хаьттира цо ӏеле, гӏовгӏа дӏатийча.
– Тхан йуьртахой!
– Хӏорш стенгара богӏу?
– Ломара.
– Цига хӏунда бахана ӏаьна йуккъехь? – дуьхе кхиа гӏертара Андрей.
Ӏелас сихха жоп ца делира.
– Цунах хьо муха кхетор вара? – куй хьала а теттина, хӏетта бахбала боьллачу шен коьртах мӏараш хьаькхира цо. – Гой хьуна, Андрей, тхан дахар даим а кхерамехь ду. Тӏом чекхбаьллехь а, тхан машар бац ӏедалца. Муха хир бу иза, тхо тхешан рицкъанан цхьаъ бен доцчу хьостанах – лаьттах – хадийна хилча, мацалла дайъа, махках даха хьийзош хилча? Хӏуъу цхьа меттиг йеача, дӏа а хӏиттийна, лата тӏемалой оьшу тхуна. Къена а, къона а, зударий а, бераш а – берриш хила беза тӏеман говзалла хууш. Цундела оха пхийтта шаре гӏоьртина бераш тӏеман говзаллина ӏамадо. Йуьртара уггар хьуьнаре, хьекъале, каде, майра тӏемало коьрте а хӏоттавой, рогӏехь массо бер аьхка цхьана баттана, ӏай а цхьана баттана лаьмнашка дохуьйту. Цигахь цо уьш нийса топ тоха а, говрахь лела а, тур-шаьлтанца лата а, кхечу хьуьнаршна а ӏамабо.
– Ой, цигахула дӏа ца бигча, кхузахь ца ӏамало уьш?
Ӏелас корта ластийра.
– Хӏан-хӏа, кхузахь ӏаморах тоам хилац. Ӏай цига боьлхуш, цара шайца йа даа хӏума а, йа говрашна хӏоъ-докъар а ца хьо. И ткъе итт де-буьйса эрна арахь даккха деза цара хӏусамехь боцуш. Шайна баа кхача акхарошна толлуш каро беза.