…Шена чохь ткъе итт миллион ахархоша
мацалла хьоьгу мохк, бӏеннаш белхалошна
тоьпаш йеттарна тӏехӏотталц шена луъург
дан хецна дитинчу ӏедало паччахьалла латто
мохк, шена чохь итт эзарнаш маршонехьа
къийсамхой каторгехь бӏарзбина хьийзо
мохк – и мохк уггар хьалха паччахьан ӏазапах
маьршабаккха оьшуш бу.
В. И. Ленин
Ӏоса вийначул тӏаьхьа дуккха а хийцамаш хилира Васалан дахарехь. Кхоалгӏачу дийнахь Ойшин Чомакх коьртехь йуьрта лилхинчу стражникаша, лаьцна,
Ведана дӏавигира Ловда а, Васал а. Цхьана кӏиранах набахтехь а латтийна, цӏа хийцира Васал. Схьагарехь, Курумовс кхочушдинера шен дош. Гӏуллакх иштта дерзарх воккхаве везара Васал. Амма, шен карах стаг велча санна, са логе кхаьчна хьийзара иза массо хенахь. Итт шо хан тоьхна Сибрех вахийтира Ловда. Кхин а хьалха цига хьажийна Васалан цӏетоьхна шолгӏа ваша Саьмби а доьза вайна. Пхеа вешех шиъ висина дийна. Амма, Ловда дийна ву-вац, хаац. Цуьнга лалур ма дац Сибрен буьрса ӏалам. Наггахь ламанхо а ца вогӏу цигара дийна цӏа.
Бехк шена тӏе а лаьцна, Ловда кӏелхьарваккха гӏиртира Васал. Иза бахьанехь ма вийра Ловдас шен да. Бакъонна тӏегӏиртича, Сибрех ваха везарг ша ву, бехира Васала. Амма Ловдас иза аьттехьа а ца дитира. Тӏаккха, ахбехк шена тӏеэцарца, хан а йекъна, цуьнца Сибрех ваха а гӏоьртира Васал. Цунна а реза ца хилира Ловда. Иза шеца дӏаварах, шен хӏун нисло? «Хьан цӏахь цомгаш зуда а, кегийра бераш а ду. Нана лахь, бераш байлахь дуьсу. Эрна къийсамаш битий, цӏа гӏо. Ас сайн да вийна, ӏедална а, халкъана а, Далла а хьалха бехке со цхьаъ ву», – элира.
Кестта шо кхочу Ловдера цхьана а тайпа хабар доцу. Тӏаьххьара а хӏара шиъ вовшахкъаьсташ, ша Сибрех дукха ӏийр вац йа водур ву бохуш, маслаӏаташ дира Ловдас. Ша а вац, хабар а дац. Цхьа бохам хилла хир бу. Атта ма дац Сибрен багара схьавала. Ведча, хьаннашкахь тилавелла, шелонна велла йа жандармийн дӏаьндарго вожийна а хаац. Вада аьтто баьлча а, мича гӏур вара иза? Мотт ца хаьа. Йуьхь-сибатах а вевзар ву атта…
Декъазчунна ден цӏера а догӏу, олу. Оцу бохамна тӏаьххье кхин цхьаъ а кхечира Васалан мискачу хӏусаме. Васал цӏа веана дукха хан йалале Мархет кхелхира.