Майра лацаро йайъира цуьнан дегӏера тӏаьххьара а йовхо.
Шен дерриг дахарехь санна, чӏеӏамаш, балхамаш ца беш, тийна дӏакхелхира Мархет. Цуьнан весет леррина кхочушдира Аьрзус, Маккхала, ӏелас а. Ворхӏ дийнахь тезет латтийра. Ворхӏ буса Васалан хӏусамехь йеса дийшира Маккхала. Буьйсанна тӏаьххьалц, Васалан догъэца гӏерташ, иза волчохь а ӏара уьш.
Айзас, кхечу зударша а кхача латтийра тезета а, кадаме а оьхучу адамашна.
Даим кхаьбна валац веллачун чӏир. Висинарг ваха веза. Иттех де даьлча, севцира
Васалан керта лестало адам. Неӏ чӏаьгӏча, арахь дуьсург вон ма дац.
Хено йерзайо хала чов а. Васалниг а йирзина. Къегина малх хьаьжна хаза де деана тахана. Хӏаваэхь бӏаьстенан хьожа йогӏура. Ло дешаш ду басешкахь. Тӏекхаьчна йаьлла Васала а, хӏара санначу къехоша а сатийсина хан. Бӏаьстено кхин тӏекхетта самукъа-м ца дохьура церан хӏусамашка, амма дахар аттачу доккху. Цкъа хьалха – хьонка, тӏаккха нитташ бовлу. Тӏаьххье комарш, баьллаш, кхин-кхин стоьмаш а хуьлу. Мукх хиллалц гайна таро йало. Тӏаккха хьаьжкӏаш а йоттурш хуьлу.
Ӏаьнан шелоно ша а чувуллура Васал. Йовхачу хенахь ша санна гӏаддайначу накъосташца цхьаьна Терка тӏе къолаха воьдура иза. Станицашкахь доттагӏий бу церан. Цигарчу хьалдолчу гӏалгӏазкхийн даьхний цара, нохчашка а даладой, Васале а, Мескатарчу Мовле а дӏало. Дӏайаханчу гурахь Хортӏин а, Шахьбин а говраш йигира цаьршимма Оьрза-Гӏала. Ӏай соцу церан болх, шелоно цӏа чу бухку.
Аьрзус а, ӏелас а магадац Васалан кхерстар. Хӏан-хӏа, нохчийн а, гӏалгӏазкхийн а хьолахойх къахетар дацара иза. Уьш талийча-м, мел хир бара. Хӏара Васал ӏедалан каравахарна йа гӏалгӏазкхийн дӏаьндарго лацарна кхоьрура. Тӏаккха кегийра бераш байлахь ма дуьсу. Гурахь тӏаьххьара а говраш йигна, и болх сацийра Васала. Хӏинца тӏехаа говр а, берашна шура йаккха йетт а бу цуьнан. Кегийчу берийн дола дало Хьозега а. Юсуп а воккха хуьлуш ву. Кхойтталгӏа шо доладелла. Кестта дена гӏоьнча хир ву цунах.
Ахьаран худар а диъна, ловза дӏасадахара бераш. Гӏар-гӏовгӏа йоцуш, тийна ду хӏусамехь. Керт-ковхь цхьацца гӏуллакхаш деш, йолайелла лела Хьоза. Ма тера а йу-кх иза ненах! Иза масазза го, Мархет карлайуьйлу Васална.