Цуьнан ойла шайн ӏалашонца цхьаьна ца йогӏийла хуъушехь, гӏаттам кечбархоша шайн диванна йукъаозийнера иза, Кунта-Хьаьжин Нохчмахкарчу мурдашлахь иза чӏогӏа сий деш, лоруш стаг хиларна.
Устазан векалех вацахь а, ма-хуьллу цунна гергагӏерташ, даржехь лакхавала дагахь вара хьекъална генавоцу, амма хабарца даим а шена тӏе адамийн тидам бахийта хууш волу Тоза. Маккхала къадийначух шера кхетара чохь болу нах. Кху тӏаьххьарчу хенахь Тозас эладита даржийнера ша эвлайаийн дакъа долуш волчуха. Цунах тешаш белахь а йа цунах пайдаэца ӏалашо йолуш лелахь а, Хорачуьра а, гондӏарчу йарташкара а дикка нах тӏаьхьахӏиттинера цунна. Маккхала и гӏуллакх хьахийча, цаьршиннан дов дер дуйла хууш, гена ца долуьйтуш, Тоза охьахаийра Солтамурда. Къена Болатха шен амалшца тера вацара Тозех. Цуьнца дерг ларлуш дерзо дезара.
– Ахь хӏун олу, Залма? – хаьттира Солтамурда.
– Со воккха велахь а, Берсас, Аьрзус, Маккхалий хӏун олу ца хиъча, ӏадъӏе лаьа суна.
– Аьрзу, хьан дуй ала лууш хӏумма а?
– Сол хьалха дош долуш ши стаг ву кху чохь. Молланаш – Бӏагӏало а, Маккхал а.
Зандакъойн молла Бӏагӏало Нохчмахкахь гӏараваьлла къамелна говза стаг вара. Ӏилманна а, къамелан говзаллина а цуьнца къийсалуш стаг кху Нохчмахкахь цхьаъ вара – билтойн Нуркиша. Йуьхьанца, ша а кхелха бохуш, нахана йуккъехь Турце кхалхарехьа эладита лелош хилла Нуркиша, гӏуллакх баккъалена тӏедаьлча, йухаваьллера. Мекарчу цунна дика хаьара ӏедалца а, халкъаца а, тховса кху чу гулбеллачу тхьамданашца а тарвала. Нуркишин ӏедалца йукъаметтиг нисйан аьтто бийриг цуьнан гергара зандакъойн наиб Шахьболат вара. Бакъду, тхьамданашна йуккъехь хьалхалера сий дацара Нуркишин. Ткъа тӏаьххьарчу хенахь хаъал тешам а байнера цунах. И дара тховса дуьххьара Нуркиша диванехь вацар. Ткъа Бӏагӏало, шен дог-ойланца шалхо йоцуш, цуьнан амалшна нийсса дуьхьал вара. Бӏагӏалона, гатийуьртахойн моллина Шахьбина санна, бӏаьрга ган ца безара оьрсий а, церан ӏедал а. Цо нах Турце кхойкхура. Ша а вара уггар хьалха боьлхучаьрца новкъа вала кечвелла.
– Бӏагӏало, ахь алал.
– Болатхана аьлларг ду сан дагахь дерг а. Йа дерриш Хонкара кхалха деза, йа, гӏазотехь летта, дала деза, – доцца хадийра цо, атталла хьийзочуьра суьлхьанаш а ца совцош.