Шена тӏе рагӏ кхаьчча, Солтамурда дош даларе а ца хьоьжуш, хьалагӏеттира Маккхал. Пӏелгаш даьхна конжанах тера шен аьрру куьг мекхех а хьаькхна, йайн йовхарш туьйхира цо.
– Делахь хӏета, ас эр ду цхьа-ши дош. Нагахь сан ойла баккхийчаьрца ца йагӏахь, сайна бехкцабиллар доьху ас. Уггар хьалха эр ду ас нах Хонкара кхалхарх лаьцна. Махкахвалар кӏезиг хӏума дац, кӏентий. Тӏехула тӏе, дийнна халкъ. Со тешац цигахь вай цхьана гулахь дахаховшар ду бохучух. Вай иштта дӏатардан паргӏат мохк бац Хонкарахь. Цига кхелхина вайнах, борц санна, маьӏ-маьӏӏе баржа а бина, хенан йохалла ненан мотт бицбелла, къоман йуьхь йайна, бовр бу. Нагахь берриг нохчий цига гӏахь, цхьа-ши тӏаьхье хийцайелча, нохчийн къам боху цӏе дуьненара дӏайер йу. Изза хир ду Россех кхалхадахь а. Хийцам цхьаъ бу. Россех кхалхийначийн тӏаьхьенах керстанаш хир бу, ткъа Хонкара кхаьчнарш бусалба динехь буьсур бу. Амма, кху вешан махкара дӏадовлахь, нохчийн къам боху цӏе йов вайн. Цул доккха вон дац къоме дан. Цул сов, вайнахе лалур доцуш къиза ду туркойн ӏедал. Цара ницкъ бо, сийсаздо шайн махкара кегий къаьмнаш. Вай санна болу бусалбанаш. Цхьаннан долахь воцуш маьрша стаг вац цигахь, цхьа хьалдерш бен. Изза хьал ду Россехь а. Шиннахьа а суна сайн бӏаьргашна гина. Хонкара боьлхурш вайга совцалур бац. Цкъа-делахь, царна коьрте хӏиттинарш, хӏокху
Нохчийчоьнах сийна цӏе йаьлча а, лерган дуьхьиг ухьур доцуш, таронаш йолуш нах бу, туркойн ӏедалехьара цхьана дикане догдохуш боьлхуш. Цара ӏехийна тӏаьхьахӏиттина церан гергарниш. Хонкара кхалха хьовха, кху Бенара дӏа Даьргӏа кхалха а таро йоцуш. Царах къахета. Амма дан хӏума дац. Уьш ӏехабелла бевлла. Уьш дӏабахийтар бен, кхин молха дац. Со тешна ву, цига дӏакхаьчча, уьш баллал дохкобевриг хиларх, уьш йуха цӏа гӏертарг хиларх. Цаьрга хӏоьттинчу хьоло бен совцор бац цига кхалха ойла йолуш, амма кхушара ӏедало дӏа ца бохуьйтуш хьелурш.
– Ткъа ахь хӏун некъ гойту, Маккхал, хьуна хӏун хета? – йукъахваьккхира иза Солтамурда.
– Кхушара кхелхарш кхалха а битина, цаьрга кхаьчна декъаза дакъа нахе дийцарца, кхул тӏаьхьа цига ойла йерш, оцу махках догдуьллуйтуш, совцор.