– Бакъду, хӏара саннарг йац. Амма дика йиъ говр йу. Хьан цхьа а йац.
– Хӏан-хӏа, ӏаьлбаг, ма дийца. Массарна а хаьа, шуьшинна вовшийн мел дукхадеза.
– Цундела лаьий суна-м хӏара хьуна йала! Тамаша а бацара, сайна йезаш ца хилча, ас хьуна хӏара йалар-м. Иштта, ши куьг ластийна вахча, туркошна йуккъехь сий хир дац хьан.
– Хӏан-хӏа, ӏаьлбаг, дукха безачу механ совгӏат ду хӏара, – тӏе ца дуьтура Коьрас.
Ӏаьлбаг дегабааме велира.
– Коьра, хьо кхоьллинчу Делан дуьхьа, вай дуй биъначу гӏуллакхан дуьхьа, дӏаэца хӏара! Суна чам бойуш воллу-кх хьо…
– Остопираллахӏ! Ма алахьа иштта!
Хӏетталц цаьршинга ладоьгӏуш ӏийначу берийн гӏовгӏанаш йевлира:
– Дӏаэца, Коьра, цунна халахетар ду!
– Ахь шена ден дерг ду хьуна цо дийриг!
– Делхьа, ма дош дац-кх ахь лелориг, ӏаьлбаг, – чам байна корта а хьийзош, урх схьалецира Коьрас. – Хьо ца гуш, дӏаваха велира со…
Шен йукъах схьадаьстина детица кхелина шаьлтий, доьхкий делира Къайсара.
– Сан безамна хӏара шаьлта лелайехьа, Коьра.
– Ас хӏан-хӏа бахарх, вуьтур вац-кх аш со. Дела реза хуьлда шуна!..
– Хӏан, хьан накъостий генабевлла, Коьра, – сихвира иза ӏаьлбага. – Хьо говра тӏе валале, цкъа маралелхий вай!
Массарна роггӏана мара а иккхина, кхоссавелла говра велира Коьра. Шена тӏехь хийра стаг хаавелла говр, мераӏуьргаш йекийна, тӏаьхьарчу когаш тӏе а хӏоьттина, тӏаккха, хьалха дӏакхоссайелла, ӏаддаргӏа санна, ворта а саттийна, цӏингаш кхуьйсуш, дӏаиккхира. Амма, тӏелатийча санна, нуьйрахь ӏачу Коьрас, кӏадйаллалц хецна а йитина, тӏаккха урх йуха а оьзна, хьовззийна йухайалийра иза. Дарйелла говр, мераӏуьргаш йекош, бехкбоккхуш санна ӏаьлбаге хьоьжура.
– Хӏумма а дац, Сира, хӏинцца йоьр йу хьо цунах. Амма сатоха деза. Вайн цӏахьлерниг хир дац шуьшинне а.
Ӏаьлбаг шен говра а хаийна, цунна тӏехьа хиира Къайсар.
– Хьо Мичках дехьаваллалц дӏадогӏу тхо, – элира ӏаьлбага.
– Баккъал дерг аьлча, Коьра, хьох къаьсташ, велха дог догӏу сан. Амма вайн ойланаш а, чӏеӏамаш а цхьаьнадогӏур дац. Къайсар, дӏаалал вайн дайн илли!
Къайсара, йайн йовхарш тоьхна йиш тойина, илли долийра.
Хӏетта чӏагӏдала доьллачу гӏоргӏачу аьзнашца тӏаьхьара гӏигӏ бира бераша: